Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Дог даге кхевдина»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

00:00/00:00

Текст песни:

Текст песни не найден. Добавить?
Мы платим за добавление текста. Вам нужно авторизоваться, чтобы мы смогли вам заплатить
Отмена

Другие песни исполнителя:

  • Хьалхарчу Азера, Месопотамера, Тигран, Евфратан шеларшна юккъера, Цу шема-шумеран сийначу арара Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Элчанан умматах, Ибрах1иман миллатах, Нохь-пайхамаран ц1ийнах, хурритийн орамах, Евзачу арара, бакъ болчу элех, Нохчалла ларйина, нохчий ду тхо! Аллах1 ша цхьаъ винчех, Вайн Элча бакъ винчех, Устазаш лоьручех, Нохчаллин новкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Нохь-пайхамаран ц1арах ц1е хоьттинчу къоман, Цу ц1еран сий лардеш, синош ца кхоийна, Эзарнаш шерашкахь иэхь-бехк ца дайина, Нохчалла совг1ат долуш нохчий ду тхо! Кавказан лаьмнашка Дала ша далийна, Дуьненчохь массарел исбаьхьа мохк белла, И ларбан, къам лардан доьналла а делла, Дзурдзукаш, нахаш ду, нохчий ду тхо! Гергарло хуьттучех, Хьаша-да лоручех, Харцо ловр йоцучех, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Бакъонца, нийсонца доттаг1ий хиндераш, Машаре кхойкхучохь машаре дог1удерш, Т1амций бен некъ бацахь, и некъ т1елоцуберш, Нохчалла ца хуьйцуш, нохчий ду тхо! Адаман, Хьаван а берашна, адамашна, Дуьненчохь зуламца г1он доцу, ца дахна, Иэхь-иман, Делера дуй хууш, лардина, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Ден-ненан сий дечех, Йиша-ваша дезачех, Доьзалан дай долучех, Нохчалла сийлахь йолуш, нохчий ду тхо! Иманца, Исламца, собарца, г1иллакхца, Лерамца, тешамца, марзонца, безамца Лууш ду даха тхо дуьненчохь массаьрца, Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Дуьненахь, эхартахь, нийсачу невкъа т1ехь Яххьаш тхайн к1айн йолуш, Къематан дийнахь Тхайна Хьо везачех, Хьайна тхо дезачех Дехьа тхо, я Аллах1, цхьаъ волу Эла!
  • К1антана йо1 йезало Цуна амалш хаза лой Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Хаза дог1у маьлха де К1ант, 1ой дог1у шовдане Ойлане йо1 хьожу везаре Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Хаза нускал далина Йо1 диканиг йалина Ирсах вуьзна кхечи мялха де Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Ас д1а олу сай иллеш Деза йо1, к1ант декъал дяш декъал деш уьш цхьана кхятта де Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю
  • Ма хаза йоьду зама хьо Са дог а хьоьстуш жимало И 1ехош х1ора хазчу хабаро Ма хаза йоьду жималла Са б1аьргаш доьлуш хазала Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо Хаъа суна, хаъа суна, вай хаза хан даим лаьттар яц Вай маьл даьлхарх, вай мел хьежарх жимала а юха йоьрзур яц Цундела ас доьхьу хьоьга ойла яш хьо хила хьоменаг Кхуьур ду вай вовшехь хьега Дицда вайна юкъехь маьл хилларг Хьо суна муха виц лур ву Хьоьх ялахь муха мегар ю Ахь еза бохуш дукха хьоьсту со Хьа къона хазчу б1аьргаша Хьа мерзачу цу дешнаша Х1инцалц санна суна йовхо ло Хаъа суна, хаъа суна, кхоламмо ше йоза яздир ду Со маьл ч1ог1а ялхарх хьуна, Рицкъа дацахь со хьоьхь къаьстар ю Цундела ас доьху хьоьга Вай безама сий деш хилахьа Кхуьур ду вай вовшех хьега Ирсе да вай дахар хьажахьа Ас доггахь ларйой суьйренаш Хьоменаг хаъи-й техь хьуна Са хьо бен дагар дийца накъост вац Со дуьне дитна д1ацаг1ахь Хьа безам кхана шел цалахь Хьоменаг вовшех довла вай йиш яц Лаьа суна, лаьа суна, ирсах юзна суьйре йог1ийла Даим хьайца со га лиъна безама дош соь ахь олийла Цундела са дагахь кхети и са ирса суьйре сих йе хьа Безам теза совг1ат хети Ирсе да вай дахар хьажахьа Вайшина ирс кхола хьажахь