I.
б1аьргаш хьалха лаьтта хаза
аре кхоллуш даьлла заза
сан даго а заза доккху
ас даймехка ц1е мел йокху
(2 раза)
сан даго а заза доккху
ас даймехка ц1е мел йокху
II.
гонахь хьийзаш нах бу хийра
хийла ц1е ю кхесташ кийра
со сан цхьаьлха доьхна лела
со даймахках ваьлла дела
(2 раза)
III.
синкъераме доьлхуш лот хи
олах дуьзна той д1а тоьтти
сан дог доьду ломах лела
и сан даймохк болу дела
(2 раза)
IV.
дегна дарба шовда хилча
б1аьргаш бузо лаьмнаш хилча
кхетар вара маьрша эла
и сан даймохк болу дела
(3 раза)