Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Безаман мах»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

К1антана йо1 йезало
Цуна амалш хаза лой
Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа

Дош лур дуй те безамна
Реза хир йуй везарна
Дог сай 1абоьш безамца
Ваха ляа суна йезарца
Дош лур дуй те безамна
Реза хир йуй везарна
Дог сай 1абоьш безамца
Ваха ляа суна йезарца

Хаза дог1у маьлха де
К1ант, 1ой дог1у шовдане
Ойлане йо1 хьожу везаре
Бохуш маца хир ду те
Тхой шиъ цхьана кхета де
Ас са туьйсу ц1уьна безаме
Бохуш маца хир ду те
Тхой шиъ цхьана кхета де
Ас са туьйсу ц1уьна безаме

Малх чубузуш суьйрянца
Йо1 д1айаг1а везарца
Безамо дог хьаьстина
Даха лур дац вовшях къаьстина
Малх чубузуш суьйрянца
Йо1 д1айаг1а везарца
Безамо дог хьаьстина
Даха лур дац вовшях къаьстина

Хаза нускал далина
Йо1 диканиг йалина
Ирсах вуьзна кхечи мялха де
Беза хьейши кхейкхина
Син къерами гоь бина
Илляш дека, дека са мукъне
Беза хьейши кхейкхина
Син къерами гоь бина
Илляш дека, дека са мукъне

Новкъа йог1у машенаш
Бераша доху кхаънаш
Керта далош нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю
Новкъа йог1у машенаш
Бераша доху кхаънаш
Керта далош нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю

Ас д1а олу сай иллеш
Деза йо1, к1ант декъал дяш
декъал деш уьш цхьана кхятта де
Вовши ирсах бакхи беш
Х1усмяхь йовхо латта йяш
Д1а ма йойла шу безама ц1е
Вовши ирсах бакхи беш
Х1усмяхь йовхо латта йяш
Д1а ма йойла шу безама ц1е

Дека дека са илляш
Къона безам декъал бяш
Лятташ хаза нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю
Дека дека са илляш
Къона безам декъал бяш
Лятташ хаза нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю

Другие песни исполнителя:

  • ма хаза йоьду зама хьо са дог ахь хёсту жималло и еьхош хьора хазчу хабаро ма хаза йоьду жималла са б1аргаш доьлуш хазалла са ойла хоьстуш ц1енцу безамо ха1а суна ха1а суна вай хаза хан даим леттаряц вай мел дялхарх, вай мел хьижарх жималла юха йорзур яц цун дела ас доьху хьёга ойла еш хьо хила хьоменаг куьар ду вай гховшех хьега дицде вайна юкъахь мел хиллаг хьо суна муха вицлур ву хьох ялахь муха мегар ю ахь еза бохуш дукха хьесту со хьа къона хазчу б1аргаша хьа мерзачу цу дешнаша хинцалц сана суна йовхо ло ха1а суна ха1а суна кхоламо ше йовза яздирду со мел човха ялхарх хуна рицкъа даца со хьох къестар ю цундела ас доьху хоьга вай безама сийдеш хилахьа куьар ду вай гховшех хьега ирсе да вай дахар хьажахьа
  • I. Дийнахь-буса хьан ц1е йохуш Шена оьшу, безам бохуш хьо Къайлах даккхий синош дохуш Хьуна доьлху сан кийрара дог Малх схьакхетча лаьтта сирла Цуьнан йовхо к1еззиг хаало Синтем байна, собарх тилла Хиллачух ца кхеташ ойла йо II. Лоьхи те ахь ца ван бахьна Ган сатесна хьоьжу тахна со Мичахь лела мерза безам Карзардуьйлу дагчохь везар хьо Ахь дуийла дуьне г1оза Хаац ишта х1унда веза хьо Доьху хьоь сан дагах кхета Цунна хьоме, веза хета хьо III. Хьан безамо хьере йина Дог ца дуьллуш ас ларвина хьо Хьол деза сан дац кхи х1умма Даим хьо сан даго хьеха во Ма лелахьа гена ваьлла Дериг дуьне суна кхоладеш Хир яра сапарг1ат даьлла Хьо вуй хиъча сайна сагатдеш IV. Хета хьо сайн ирс, сайн бахам Хьоьца доцу дахар дайна го Хьо ду дериг сан самукъа Сайн сил дукха веза оьшу хьо Ахь дуийла дуьне г1оза Хаац ишта х1унда веза хьо Доьху хьоь сан дагах кхета Цунна хьоме, веза хета хьо.
  • I. Ирсах дог диллинчу хенахь, хьомениг воьвзира хьо, Малх санна сирла сан дахар къагийра хьан безамо. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. II. Даим сан дог кхийда хьоьга, сатуьйсуш хьо кхачаре, Довха дош аьлла ахь соьга, безамца дог эцаре. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. III. Хьомениг,1адика йойла, кхин суна гур вуй те хьо, Хьо везар хьоьга д1а ала, сатуьйсуш ехар ю со. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа.