Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Мерза безам»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

I. Дийнахь-буса хьан ц1е йохуш
Шена оьшу, безам бохуш хьо
Къайлах даккхий синош дохуш
Хьуна доьлху сан кийрара дог
Малх схьакхетча лаьтта сирла
Цуьнан йовхо к1еззиг хаало
Синтем байна, собарх тилла
Хиллачух ца кхеташ ойла йо

II. Лоьхи те ахь ца ван бахьна
Ган сатесна хьоьжу тахна со
Мичахь лела мерза безам
Карзардуьйлу дагчохь везар хьо
Ахь дуийла дуьне г1оза
Хаац ишта х1унда веза хьо
Доьху хьоь сан дагах кхета
Цунна хьоме, веза хета хьо

III. Хьан безамо хьере йина
Дог ца дуьллуш ас ларвина хьо
Хьол деза сан дац кхи х1умма
Даим хьо сан даго хьеха во
Ма лелахьа гена ваьлла
Дериг дуьне суна кхоладеш
Хир яра сапарг1ат даьлла
Хьо вуй хиъча сайна сагатдеш

IV. Хета хьо сайн ирс, сайн бахам
Хьоьца доцу дахар дайна го
Хьо ду дериг сан самукъа
Сайн сил дукха веза оьшу хьо
Ахь дуийла дуьне г1оза
Хаац ишта х1унда веза хьо
Доьху хьоь сан дагах кхета
Цунна хьоме, веза хета хьо.

Другие песни исполнителя:

  • Седа боьжча стиглара дехнарг хуьлу аьлла, Сатийсамца даггара стигла хьежа яьлла, Лахахь корехь юьтуш со, лакхахь т1ома яьлла, Ойла хьийза карзахе сатийсар совдаьлла. Хьо веза йиш яцахь сан сирла са ма кхета, Хьоьца кхоллам бацахь сан беттаса ма лепа, Нагахь эрна хир делахь сан деган сатийсар, Хьай дуьне ахь малхана гонахь го ма тийса. Хьо сан деган зезаг ду суна кхиъна аьлла, Сан кхолламан ирсечу некъа т1е хьо ваьлла, Хьо везарнахетало дуьне дола даьлла, Хетало соьл ирсениг лаьттахь хир яц аьлла. Шовда санна 1еначу хьан дешнех со тешна, Даима сай хьоьстуш дог хьан довха дош эшна, Сан дагчу а хьаьжна хьо ваьлча ойла йешна, Ма йиталахь доьху хьоьга кхоам боцуш тесна. Малх схьакхеташ дуьненна серло яла кхета, Буьйса хаза ян беттаса шен нур 1енош лепа, Ойла хаза ян олхазарш дуьлало йиш лекха, Суна-м везнарг сай дуьхьа хьо кхоьллина хета. Сирлачу хьан б1аьргаш чу к1орда ца до хьежа, Лааркха уьш даима сайна цхьанна къежа, Дагатуьйсу дешнаш хьан: «Суна хьо цхьаъ еза», Цуьнах хуьлий мерза кхаъ, аса олу: «Хьо веза». Х1ай сан деган мерз стом, х1ай сан деган эла, Ма сирла ду велар хьан, мо оьзда ду лелар, Хьоьх яьлчи ца маггал, хьо дагна веза дела, Даима дог дог1у сан хьуна йелха, йела. Хьай цу баьхьчу аматийн еха йисар хилла, Реза хир яц дагна сай везачух дог дилла, Лазам хилла безам вай, ца бисита 1илла, Вай ирсечу кханене сирла некъ ахь билла.
  • Ехийла, ехийла диканца хьо дукха Хуьлийла дахарехь даима хьан дог дика Тахана сан доьхьа хьо хуьлийла самукъне Ирс дохьуш, дог хьоьстуш дог1ийла хьоранне Мехка сий айдинчу де а, нена а йо1 хьо ю Къоначу вай б1аче хьомсара йиша ю Халкъана хьаналла йо1 хилла еха хьо Бераш а хьоьстуш хьай йовхо царна ло