Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песни под медленный танец на казахском языке

Исполнители

Добавить
Все чеченские исполнители

Медляк

  • Г1аларчу бешара, схьа хеза эшараш. Массачу жималли зьовне аьзнаш. Дахаро ч1аг1 йина марзонаш, уьранаш, Кегичу дегни безаман мукъамаш. $припев: Соьлжа г1ала, азаллаьхь дуьна къонахи ага. Хьайха йала соь ахь ц1а ма ала. Соьлжа г1ала хьо сан деги дакъа. Ехийла маьрша хьо, Соьлжа г1ала. $ Кочачу саьттарша хаздина Соьлжа. Эсала шаьрша г1алийна йукъеша. Дитташа хьобстучу цу хина йистоша маршалла хоьтту тайначу шабаршца. %припев% Вай дайша кхилина оьзда г1иллакхаш. Сирлачу имане кхойкху маьждигаш. Къинхьегаман беркато къагийна некъаш, Соьлжа г1аларчу туьйрани куьзанаш
  • Хинйисте веънера хьо, Хи иэца еънера со. Ахь элира:\"Азиза,мерза шовда малийта...\" Азиза... Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дагахь лаьтта хьан хаза б1аьргаш. Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дуьхьал лаьтта хьан хаза б1аьргаш. Шовданах ца 1ебаш хьо, Г1иллакхех ца юхуш со. Ахь элира:\"Ирс хилла-кхин мел еза езийла...\" Езийла... Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дагахь лаьтта хьан хаза б1аьргаш. Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дуьхьал лаьтта хьан хаза б1аьргаш. Хинйисте мел вог1у хьо, Хи иэца йог1ур ю со. Алийта хьоь:\"Азиза,мерза шовда малийта...\" Малийта... Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дагахь лаьтта хьан хаза б1аьргаш. Ло дог1у...Лайнан чимаш... Дагайог1у хаза суьйренаш. Ло дог1у...К1айн чимаш... Дуьхьал лаьтта хьан хаза б1аьргаш
  • 1. Даго шена къасти хьо, кхи хир яц аьлла, Ма хаза хийтира хьо сай ю ва аьлла, Ма серла белира б1аьргаш дуьххьара хьо гича, Кхи д1а ас ч1аг1о йи б1аьрг т1ера ца баккха. Припев: Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш, Кийрара жима дог хьоьга д1а ца далхош, Малх санна къегийна хьо йог1уш ва яйчи, Хьомениг сан ойла хьуна т1е ма йоьрзу. 2. Йеллахьа езар схьа вай ирсан деган некъ, Деллахьа б1аьргаш д1а, ерзахьа юха цкъа, Безамах чам кхетта хьийза шу ураме, Цхьа жимма терго яй т1е эцахь сан безам. Припев: Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш, Кийрара жима дог хьоьга д1а ца далхош, Малх санна къегийна хьо йог1уш ва яйчи, Хьомениг сан ойла хьуна т1е ма йоьрзу. 3. Ахь олу хаза дош сан синтем бу хьуна, Сох лаьцна ен ойла совг1ат ду суна, Геннара б1аьрг кхетча хьуна т1аьхьа хьоьжуш, Хьоьх лаьцна ен ойла сан эрна хили те. Припев: Со муха ваьхна те хьомениг хьо ца гуш, Кийрара жима дог хьоьга д1а ца далхош, Малх санна къегийна хьо йог1уш ва яйчи, Хьомениг сан ойла хьуна т1е ма йоьрзу
  • Хьан б1аьргаш ши жовхар 1аьржа Кегийчу т1улгашлахь харжа. Шовдана куьзгана хьоьжуш Леллера т1улгийн лар хьоьшуш. Мархашка малх битар лоьхуш Хьан елар марха чохь лоьхуш. Лаьмнашкахь некъ толлуш г1ийла Мийлира шовданаш шийла. Хьа боху, мичахь бу безам Маьхкарийн туьйра ду и. Цунна хьан кийра ца богу Шело ю гул елла чохь. Цунна хьан кийра ца богу, хо тешалахь Шело ю гул елла чохь. И дешнаш сов шортта хилла Хьа безам кхечуьнга бахна. Сан безам бисира цхьалха Лаьмнашкар т1улгийн лар хьоьшуш. Мархашка малх битар лоьхуш Хьан елар марха чохь лоьхуш. Лаьмнашкахь некъ толлуш г1ийла Мийлира шовданаш шийла. Хьа боху, мичахь бу безам Маьхкарийн туьйра ду и. Цунна хьан кийра ца богу Шело ю гул елла чохь. Цунна хьан кийра ца богу, хо тешалахь Шело ю гул елла чохь. Хаалахь: даимма бу безам Малх мел бу хира ма бу и. Адамаш вовшашна деза Т1аккха бен кхоллалац и. Адамаш вовшашна деза кхоьллина Т1аккха бен кхоллалац и..
  • Хьоьх дуьххьар б1аьрг кхетча, Йист хуьлу хезча, Хьан озе ладоьг1уш, Хьийжира хьоьга. 1аьржачу, эсалчу Б1аьргаша хазчу, Дагчу ц1е йиллира, Хьаьжча хьо соьга. Безаман цу ц1аро Ботту сан кийра, Наб яйна г1уьтту со Хан йоцчу хенахь, Амма ца х1утту со Дагара дийца, Кхоьру ахь со къиза Таттарна гена. Сих-сиха генара Хьо йолчу вог1ий, Воьду со сайн дагахь Хьо хьоьстуш хьоьжий, Ткъа, хьуна-м ца хаьа, Сан кийра богий. Дарбанна хьоьгара Хьан безам оьший Хьан деган къайленаш, Ойланаш еша-м. Ца хаьа хьан хазчу Б1аьргаш чу хьежарх. Буй техьа хьан дагчохь Кхечуьнга безам? Юй-те хьо х1инццалца Къастоза везар?
  • Бийца дай боцуш верг мел г1ийла ву Цара дика ц1е ца йитинарг кхиъ декъаза ву Да боху деза дош мел онда ду Шен вала Да вериг мел сийлахь ву Иллешкахь хесториг вай Нана ю Миска, эсала и хеташ ю Нана санна Да хесто вай бехке ду Вай къоман г1иллакхехь и веза ву Да, хьан сий лардан кийча ю со яла Дада, Дада, Да, Да, сан Да Сан дозалла, сан сий ду хьо! Са дезаш дац хьуна х1ай сийлахь Да! Са лоруш дац хьуна сан къонах Да Хьан лерам доза дац, бац барам цхьа а Аьхь хеташ 1а хьуна сан мерза да Де хьехарш деза ду, коьрта а ду! Цо белла оьзда некъ – вай декхар ду Вонна а, диканна а и цхьаъ ма ву Шен дег1 цкъа ца кхоош лаьттина ву
  • Со яхара сарахь хит1а К1орни дацар хит1ахь лятташ Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь Ас вуьту хьо нисарошна Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь Ас вуьту хьо нисарошна Схьакхита малх схьакхитале Чу бузу малх чу бузале Дала к1орни дагар дици Г1овшех далла доллу вайши Дала к1орни дагар дици Г1овшех далла доллу вайши 1уьйре йоцуш йиш яц бохуш Суьйре йоцуш йиш яц бохуш Хьо ца хилча йиш яц бохуш Ас хьо сайна кура вякхи Хьо ца хилча йиш яц бохуш Ас хьо сайна кура вякхи 1уьрене да хьо ву меттуш Суьрене да хьо ву меттуш Хьай дешан да хьо ву меттуш Сай леларна дохку йоьлу Хьай дешан да хьо ву меттуш Сай леларна дохку йоьлу
  • Со яхара сарахь хит1а К1орни дацар хит1ахь лятташ Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь Ас вуьту хьо нисарошна Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь Ас вуьту хьо нисарошна Схьакхита малх схьакхитале Чу бузу малх чу бузале Дала к1орни дагар дици Г1овшех далла доллу вайши Дала к1орни дагар дици Г1овшех далла доллу вайши 1уьйре йоцуш йиш яц бохуш Суьйре йоцуш йиш яц бохуш Хьо ца хилча йиш яц бохуш Ас хьо сайна кура вякхи Хьо ца хилча йиш яц бохуш Ас хьо сайна кура вякхи 1уьрене да хьо ву меттуш Суьрене да хьо ву меттуш Хьай дешан да хьо ву меттуш Сай леларна дохку йоьлу Хьай дешан да хьо ву меттуш Сай леларна дохку йоьлу
  • Хьо везарна бехк ма билла Хьо вовзарна бехк ма билла Хьо веза мегар ду моьттуш Со леларна бехк ма билла Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Ахь баркалла оли хиъняхь Хьо и ала воли хиъняхь Шовдан йистяхь гат ца г1ерташ Куга ахьа йир ери со Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Хьо са хирвац бохуч наха Со хьа хир яц бохуч наха Стиглунаш вахь яха еза Латтанаш бух даха деза Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Хьо са хир вац бохуч к1анта Со хьа хир яц бохуч йо1а Ша санна дег1 кхолла деза Цунна чу са дила деза Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла...
  • Хаза ю ламанца буьйса, Батто стиглахь нека до, Ойла ю тоелла тховса, Безам кийрахь ийало.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, \"Еза, йола\" ахь алахьа... Наб озийначу хин йистехь.. \"Еза, йола\" ахьа аьлча.. Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь Бехк буй са йиш ца лекча.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, \"Еза, йола\" ахь алахьа...
  • I. Малх, буттий, седарчий хьоьх доьзна хетало. Лам, шовдий, татолаш шаьш хьуна делало. Х1аваэхь олхазарш, эшарца дуьйцу. Ахь лоьхург мила ву, Са хьаьнга туьйсу, Ахь лоьхург мила ву. Припев. Со харжа йо1 ахь хьайна Ирс ду со дайна. Ас бераллехь дуьйна Хаьржина хьо сайна. Хьо ду сан коьртачохь Сел деза жайна. Вехар вац яржийначу ойланца тайна, Вехар вац ойланца тайна. II. Массо а 1аламо шен хазалла елла, Йо1 туьйра ду те хьо Ян серло керла. Ян ирсе ву те со бераллехь дуьйна, Хьоьх дукха суна сайн мел доьвза туьйра, Суна сайн мел доьвза туьйра. Припев. Со харжа йо1 ахь хьайна Ирс ду со дайна. Ас бераллехь дуьйна Хаьржина хьо сайна. Хьо ду сан коьртачохь Сел деза жайна. Вехар вац яржийначу ойланца тайна, Вехар вац ойланца тайна. III. Малх, буттий, седарчий хьоьх доьзна хетало. Лам, шовдий, татолаш шаьш хьуна делало. Х1аваэхь олхазарш, эшарца дуьйцу. Ахь лоьхург мила ву, Са хьаьнга туьйсу, Ахь лоьхург мила ву. Припев. Со харжа йо1 ахь хьайна Ирс ду со дайна. Ас бераллехь дуьйна Хаьржина хьо сайна. Хьо ду сан коьртачохь Сел деза жайна. Вехар вац яржийначу ойланца тайна, Вехар вац ойланца тайна. (2 раза)
  • Сийна ю, сийна ю стигла, г1арг1улеш хьийзаш го стиглахь, Хьан амал цу стиглахь х1уьттуш, г1арг1улешка ас хьо хоьтту. Дахарехь хьо декъал хилча, ирсана ас дог д1аделча, Везачо со ирсе йойла, ойлано хийцайо ойла. Хьо вог1ур ву геннара некъаш а хедош, Хьо вог1ур ву сан б1аьргаш ойланехь сецош, Ладоьг1уш 1ачу хьайха сан дог а тешош, Хьо вог1ур ву со лоьхуш, хьо вог1ур ву. Хьо вовзар хили сахьийзар, хьо везар хили хьо тешар, Безамо хийла хало лайна карор ду вайшиммо лехнарг, Сийна ю, сийна ю стигла, г1арг1улеш хьийзаш го стиглахь, Замано хуьйцур ду вайшиъ, дегнаш вай къаьсташ дац вовшех.