Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Замано»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Текст песни не найден. Добавить?
Мы платим за добавление текста. Вам нужно авторизоваться, чтобы мы смогли вам заплатить
Отмена

Другие песни исполнителя:

  • Ма хаза йоьду зама хьо Са дог а хьоьстуш жимало И 1ехош х1ора хазчу хабаро Ма хаза йоьду жималла Са б1аьргаш доьлуш хазала Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо Хаъа суна, хаъа суна, вай хаза хан даим лаьттар яц Вай маьл даьлхарх, вай мел хьежарх жимала а юха йоьрзур яц Цундела ас доьхьу хьоьга ойла яш хьо хила хьоменаг Кхуьур ду вай вовшехь хьега Дицда вайна юкъехь маьл хилларг Хьо суна муха виц лур ву Хьоьх ялахь муха мегар ю Ахь еза бохуш дукха хьоьсту со Хьа къона хазчу б1аьргаша Хьа мерзачу цу дешнаша Х1инцалц санна суна йовхо ло Хаъа суна, хаъа суна, кхоламмо ше йоза яздир ду Со маьл ч1ог1а ялхарх хьуна, Рицкъа дацахь со хьоьхь къаьстар ю Цундела ас доьху хьоьга Вай безама сий деш хилахьа Кхуьур ду вай вовшех хьега Ирсе да вай дахар хьажахьа Ас доггахь ларйой суьйренаш Хьоменаг хаъи-й техь хьуна Са хьо бен дагар дийца накъост вац Со дуьне дитна д1ацаг1ахь Хьа безам кхана шел цалахь Хьоменаг вовшех довла вай йиш яц Лаьа суна, лаьа суна, ирсах юзна суьйре йог1ийла Даим хьайца со га лиъна безама дош соь ахь олийла Цундела са дагахь кхети и са ирса суьйре сих йе хьа Безам теза совг1ат хети Ирсе да вай дахар хьажахьа Вайшина ирс кхола хьажахь
  • Ехийла, ехийла диканца хьо дукха Хуьлийла дахарехь даима хьан дог дика Тахана сан доьхьа хьо хуьлийла самукъне Ирс дохьуш, дог хьоьстуш дог1ийла хьоранне Мехка сий айдинчу де а, нена а йо1 хьо ю Къоначу вай б1аче хьомсара йиша ю Халкъана хьаналла йо1 хилла еха хьо Бераш а хьоьстуш хьай йовхо царна ло
  • I. Ирсах дог диллинчу хенахь, хьомениг воьвзира хьо, Малх санна сирла сан дахар къагийра хьан безамо. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. II. Даим сан дог кхийда хьоьга, сатуьйсуш хьо кхачаре, Довха дош аьлла ахь соьга, безамца дог эцаре. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. III. Хьомениг,1адика йойла, кхин суна гур вуй те хьо, Хьо везар хьоьга д1а ала, сатуьйсуш ехар ю со. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа.