Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Нана»
исполнителя Валид Гадаев.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Д1а ма г1о, Нана доьху аса хьоьга,Д1а ма г1о.......
Хьо ма сиха къеж йо,тиш йо дахаро.
Х1ора денна гена йуьлу ,Са дог 1ийжош ,Нана хьо.
Со х1ар дуьне ,оьшуш вац йоцуш хьо.

Нана,Нана кху дуьненах хьол а мерза х1умма дац.
Хьуна хьалхар,со сай декхар цкъа а текхна вера вац.
Нана,Нана доьху хьоьга суна дукха яха лахь.
Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къин т1ера ца ялахь.

Г1ел велла,лела халла синош дохуш,
Тахна хьо,д1а ма ели жимчохь лера хаза хан,
Хьо къан лур яц моьтуш цкъа а,со ма лелла дахараьхь.
Ма г1охьа д1а,сох къаьстина,Нана хьо.

Хьох хер вина,лела со д1а вигна къизчу замано.
Нана,нана гена махкахь,со лар во хьан безамо...
Хьоме ,Нана,х1у де аса,хьан дог хьаста,алахьа..
Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къинт1ера ца ялахь.

Нана,Нана,кху дуьненахь,хьол а деза х1умма дац.
Хьуна хьалхар,со сай декхар цкъа а текхна вера вац.
Нана,Нана доьху хьоьга суна дукха яха лахь.
Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къин т1ера ца ялахь.

Другие песни исполнителя:

  • Ойла йаьш лаьтта со, барз т1ера жимч чуьрте хьоьжуш, В раздумьях стою, на надгробье могилки смотря. Маьл ваьзнарг веллаьхь а, йух ваьрзо бац админ ниц1къ. Сколь любим бы не был ушедший, возратить его не в силах никто. Цу кашчохь сан жима, сан хьоме ваша ву 1уьллуш, В этой могиле мой младший, мой милый похоронен брат, 1ожало хеназа катоьхна д1авигна и. Смерть раньше времени, внезапно отняла его у нас. Припев: Сан ваша, сан хьоме ваша, Брат мой, мой милый брат, Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш. Помню первые твои прекрасные шаги. Сан ваша, сан жима ваша, Брат мой, мой милый брат, Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш. Покинул ты нас, покинул ты мир. Латта сан 1аржвелла, де доьхна Дада ву лаьтташ, Угрюмее тучи отец наш, поникнув, стоит, 1адато цамагин, цавоьлхуш ч1аг1велла и. Традиции помня,- из глаз не роняет он слез, Амма цун дагдеъча, хьо уьдуш чена къур г1аттош, Но в сердце его — твой резвый бег, играющий в пыли, Цо муха сацор ду б1аьргера бухдуьлу хи. Как же сдержать ему влагу, затмевающую взгляд. Припев. Кест-кеста йог1ур йу хьан барз т1е йилхина Нана, Часто будет сюда приходить заплаканная мать Йар иза даимна сагатдаьш, сатуьйсуш хьоь. Все время грустила она о тебе в тревоге, Цу Везчу вай Деле даггара хьун гечдар доьхуш, Благословенье просила у Бога она для тебя, Нанас шен хаза куьг хьокхур ду хьан коша т1е. И долго будет она над твоею могилой склоняться, нежной материнской рукой проводя.
  • Суна хьо езнера, хьомениг сил дукха Дагара дуьцура хьоьх тешаш ас хьоьга Хьо цагуш хан елча, са карзах дуьйлура Ц1ехьанна хьо йайчи дог т1ема дуьйлура Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира Боьхначу безамо даг чохь лар йитира Веза хьо сил дукха, ахь соьга бехира Йог1ур ю елла дош ах суна делира Вай безам лач1къина, делла дош ца лардеш Хьо гена елира хилла ахь со ле веш Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира Боьхначу безамо даг чохь лар йитира Генарчу ци махкахь, хьуна кхи везар ву Ахь бина тешна-бехк замано гойтар бу Вахар т1ехь сай харжохь, соь тахна даллур дац Боьхначу базамо йина чов ерзалур яц Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира Боьхначу безамо даг чохь лар йитира Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира Боьхначу безамо даг чохь лар йитира
  • Хаза ю ламанца буьйса, Батто стиглахь нека до, Ойла ю тоелла тховса, Безам кийрахь ийало.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, "Еза, йола" алийтахьа.. Наб озийначу хин йистехь.. "Веза, йог1у" ахьа аьлча.. Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь Бехк буй ас илли аьлча.."
  • Жималлехь дуьйна хьо езайелла лела со, Хан-зама д1ауьду хаза хуьлуш лаьтта хьо, Х1инца хьо урамехь схьа йог1уш суна го, Амма сан тергарло ца йеш д1а йоьду хьо. Ва, нена йо1, доьху хьога ма г1о, Ва, нена йо1, вист хила пурба ло, Ва, нена йо1, ма хьегавехь хьайха со, Ва, хаза йо1, хьан ц1ергахь вогу со. Хазачу цу б1аьргаш, оьздачу леларо, Хьан елайаларо 1ехийна лела со, Аса х1ун да деза техь диллинчу сай дагна, Хьоьца шен дахаран некъ билла луучунна. Хьо гаре сатуьйсуш хи йистехь лаьтта со, Хьо ца гуш де даьлча сан даго сагаттадо, Х1инца-м сан дерриге дахар хьох тешна ду, Амма хьо юха а суна т1ех ма юьйлу
  • 1. Горянки взгляд огнем пылает И в танце мечется джигит. Здесь барабан не успевает, Гармонь аккордами кипит. Припев: Лишь дух Кавказа так заводит, Взрывая сердце на ходу. Танцуй джигит горянка смотрит, Подобен в танце ты орлу. Танцуй джигит горянка смотрит, Подобен в танце ты орлу. 2. Вот страсть и дух парят на пару Растает бешеный накал Здесь *** сверкает Как тот наточенный кинжал Припев: Лишь дух Кавказа так заводит, Взрывая сердце на ходу. Танцуй джигит горянка смотрит, Подобен в танце ты орлу. Танцуй джигит горянка смотрит, Подобен в танце ты орлу.