Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Х1у де ас хьомениг» исполнителя Валид Гадаев. Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Х1у де ас, хьомениг, доьлхуч дагна
Къинт1ера яла со хьайх къастарна
Ма хьежа б1ара сан ойланашца
Ма делха, ма делха кирар дог сан.

Кху хаз чу 1уьйренца ойланаш ю
Кху хаз чу суьйренца безамаш бу,
Вайщина-м дегнаш вовшех хьегош,
Лелар ду, лелар ду неха синош.

Яланза ца ялла - ехар ю хьо
Валанза ца вялла - вехар ву со.
Вайщина-м дахар хирдац цхьана
Хили хьоьх, хили хьоьх боккха бала.

Лай-ла-ла лай-ла-ла лай-ла ла-ла
Лай-ла-ла лай-ла-ла лай-ла ла-ла
Ма хьежа б1ара сан ойланашца
Ма делха, ма делха кирар дог сан.
Поделиться: VK TG WA OK
Встроить на сайт

Другие песни исполнителя:

  • Хаза ю ламанца буьйса, Батто стиглахь нека до, Ойла ю тоелла тховса, Безам кийрахь ийало.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, "Еза, йола" алийтахьа.. Наб озийначу хин йистехь.. "Веза, йог1у" ахьа аьлча.. Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь Бехк буй ас илли аьлча.."
  • Ойла йаьш лаьтта со, барз т1ера жимч чуьрте хьоьжуш, В раздумьях стою, на надгробье могилки смотря. Маьл ваьзнарг веллаьхь а, йух ваьрзо бац админ ниц1къ. Сколь любим бы не был ушедший, возратить его не в силах никто. Цу кашчохь сан жима, сан хьоме ваша ву 1уьллуш, В этой могиле мой младший, мой милый похоронен брат, 1ожало хеназа катоьхна д1авигна и. Смерть раньше времени, внезапно отняла его у нас. Припев: Сан ваша, сан хьоме ваша, Брат мой, мой милый брат, Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш. Помню первые твои прекрасные шаги. Сан ваша, сан жима ваша, Брат мой, мой милый брат, Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш. Покинул ты нас, покинул ты мир. Латта сан 1аржвелла, де доьхна Дада ву лаьтташ, Угрюмее тучи отец наш, поникнув, стоит, 1адато цамагин, цавоьлхуш ч1аг1велла и. Традиции помня,- из глаз не роняет он слез, Амма цун дагдеъча, хьо уьдуш чена къур г1аттош, Но в сердце его — твой резвый бег, играющий в пыли, Цо муха сацор ду б1аьргера бухдуьлу хи. Как же сдержать ему влагу, затмевающую взгляд. Припев. Кест-кеста йог1ур йу хьан барз т1е йилхина Нана, Часто будет сюда приходить заплаканная мать Йар иза даимна сагатдаьш, сатуьйсуш хьоь. Все время грустила она о тебе в тревоге, Цу Везчу вай Деле даггара хьун гечдар доьхуш, Благословенье просила у Бога она для тебя, Нанас шен хаза куьг хьокхур ду хьан коша т1е. И долго будет она над твоею могилой склоняться, нежной материнской рукой проводя.
  • Тахана,Хьо йинчу денца даггара, декъал йа лиъна йаздина,сай илли хьуна ас Дала Хьо, декъала йойла Дахарехь ирс хьуна лойла Даимна некъ сирла хуьлда Хьа! Массара мохь тохи ала: Дахарехь дикане кхача Делера ирс аьтто хуьлда Хьа! Йуьцила- дикана наха, лоьхила- мехкаршна йуккъехь Б1аьрг бузош даимна йехийла! Баркалла Хьо йинчу Нана! Сел хаза Хьо кхиайарна 1аморна ше оьзда г1иллакхаш Хиъча Хьо,хир йара ирсе вер вара дахаран йисте дериг ирс д1аделла Хьуна сай Йиш йоцчу вешийна санна хетта Хьо са дагна герга Г1айг1анехь ма гойла ц1а-а Хьо!
  • ".. Хаза ю ламанца буьйса, Батто стиглахь нека до, Ойла ю тоелла тховса, Безам кийрахь ийало.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, "Еза, йола" алийтахьа.. Наб озийначу хин йистехь.. "Веза, йог1у" ахьа аьлча.. Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь Бехк буй ас илли аьлча.."
  • Дуьне хьийзар ду дахар кхача деш Вайшиъ къаьстина зама йохур ю, Некъаш хедар ду со хьоьх хьегавеш, Байлахь бисина безам боьлхур бу... Зезаг даг т1ера лятта дужар ду, Вейшиъ лялла некъ наха бустар бу, Ас сей лаза дог карахь тяхкор ду, Сирла ойланца 1алар лоьхар ю... Б1аьр хих буьзна х1орд кийрахь ловзу са, Даго туьтту д1а къаста деза хан Гуьйре йохар ю шийла хиш 1енош Десса оьхур ду хьо ца гуш денош... Батто дети нур лята х1оьрсур ду Ас и лехьа деш хьа ирс къуллар ду, Сам ца хилла ирс мялха дуьненахь, Ас хьо йоьхур ю сейна эхатахь... Дуьне хьийзар ду зама кхача еш, Некъаш хедар ду со хьоьх хьегавеш Нагахь балано дог хьай 1овжадахь, Хьайга сатуьйсуш со вуй хаалахь....

Похожие исполнители