Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Жималла»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

ма хаза йоьду зама хьо
са дог ахь хёсту жималло
и еьхош хьора хазчу хабаро
ма хаза йоьду жималла
са б1аргаш доьлуш хазалла
са ойла хоьстуш ц1енцу безамо

ха1а суна ха1а суна
вай хаза хан даим леттаряц
вай мел дялхарх, вай мел хьижарх жималла юха йорзур яц
цун дела ас доьху хьёга ойла еш хьо хила хьоменаг
куьар ду вай гховшех хьега
дицде вайна юкъахь мел хиллаг

хьо суна муха вицлур ву
хьох ялахь муха мегар ю
ахь еза бохуш дукха хьесту со
хьа къона хазчу б1аргаша
хьа мерзачу цу дешнаша
хинцалц сана суна йовхо ло

ха1а суна ха1а суна кхоламо ше йовза яздирду
со мел човха ялхарх хуна рицкъа даца со хьох къестар ю
цундела ас доьху хоьга вай безама сийдеш хилахьа
куьар ду вай гховшех хьега ирсе да вай дахар хьажахьа

Другие песни исполнителя:

  • I. Дийнахь-буса хьан ц1е йохуш Шена оьшу, безам бохуш хьо Къайлах даккхий синош дохуш Хьуна доьлху сан кийрара дог Малх схьакхетча лаьтта сирла Цуьнан йовхо к1еззиг хаало Синтем байна, собарх тилла Хиллачух ца кхеташ ойла йо II. Лоьхи те ахь ца ван бахьна Ган сатесна хьоьжу тахна со Мичахь лела мерза безам Карзардуьйлу дагчохь везар хьо Ахь дуийла дуьне г1оза Хаац ишта х1унда веза хьо Доьху хьоь сан дагах кхета Цунна хьоме, веза хета хьо III. Хьан безамо хьере йина Дог ца дуьллуш ас ларвина хьо Хьол деза сан дац кхи х1умма Даим хьо сан даго хьеха во Ма лелахьа гена ваьлла Дериг дуьне суна кхоладеш Хир яра сапарг1ат даьлла Хьо вуй хиъча сайна сагатдеш IV. Хета хьо сайн ирс, сайн бахам Хьоьца доцу дахар дайна го Хьо ду дериг сан самукъа Сайн сил дукха веза оьшу хьо Ахь дуийла дуьне г1оза Хаац ишта х1унда веза хьо Доьху хьоь сан дагах кхета Цунна хьоме, веза хета хьо.
  • Хьалхарчу Азера, Месопотамера, Тигран, Евфратан шеларшна юккъера, Цу шема-шумеран сийначу арара Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Элчанан умматах, Ибрах1иман миллатах, Нохь-пайхамаран ц1ийнах, хурритийн орамах, Евзачу арара, бакъ болчу элех, Нохчалла ларйина, нохчий ду тхо! Аллах1 ша цхьаъ винчех, Вайн Элча бакъ винчех, Устазаш лоьручех, Нохчаллин новкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Нохь-пайхамаран ц1арах ц1е хоьттинчу къоман, Цу ц1еран сий лардеш, синош ца кхоийна, Эзарнаш шерашкахь иэхь-бехк ца дайина, Нохчалла совг1ат долуш нохчий ду тхо! Кавказан лаьмнашка Дала ша далийна, Дуьненчохь массарел исбаьхьа мохк белла, И ларбан, къам лардан доьналла а делла, Дзурдзукаш, нахаш ду, нохчий ду тхо! Гергарло хуьттучех, Хьаша-да лоручех, Харцо ловр йоцучех, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Бакъонца, нийсонца доттаг1ий хиндераш, Машаре кхойкхучохь машаре дог1удерш, Т1амций бен некъ бацахь, и некъ т1елоцуберш, Нохчалла ца хуьйцуш, нохчий ду тхо! Адаман, Хьаван а берашна, адамашна, Дуьненчохь зуламца г1он доцу, ца дахна, Иэхь-иман, Делера дуй хууш, лардина, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Ден-ненан сий дечех, Йиша-ваша дезачех, Доьзалан дай долучех, Нохчалла сийлахь йолуш, нохчий ду тхо! Иманца, Исламца, собарца, г1иллакхца, Лерамца, тешамца, марзонца, безамца Лууш ду даха тхо дуьненчохь массаьрца, Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Дуьненахь, эхартахь, нийсачу невкъа т1ехь Яххьаш тхайн к1айн йолуш, Къематан дийнахь Тхайна Хьо везачех, Хьайна тхо дезачех Дехьа тхо, я Аллах1, цхьаъ волу Эла!
  • Ма хаза йоьду зама хьо Са дог а хьоьстуш жимало И 1ехош х1ора хазчу хабаро Ма хаза йоьду жималла Са б1аьргаш доьлуш хазала Са ойла хьоьстуш ц1енчу безамо Хаъа суна, хаъа суна, вай хаза хан даим лаьттар яц Вай маьл даьлхарх, вай мел хьежарх жимала а юха йоьрзур яц Цундела ас доьхьу хьоьга ойла яш хьо хила хьоменаг Кхуьур ду вай вовшехь хьега Дицда вайна юкъехь маьл хилларг Хьо суна муха виц лур ву Хьоьх ялахь муха мегар ю Ахь еза бохуш дукха хьоьсту со Хьа къона хазчу б1аьргаша Хьа мерзачу цу дешнаша Х1инцалц санна суна йовхо ло Хаъа суна, хаъа суна, кхоламмо ше йоза яздир ду Со маьл ч1ог1а ялхарх хьуна, Рицкъа дацахь со хьоьхь къаьстар ю Цундела ас доьху хьоьга Вай безама сий деш хилахьа Кхуьур ду вай вовшех хьега Ирсе да вай дахар хьажахьа Ас доггахь ларйой суьйренаш Хьоменаг хаъи-й техь хьуна Са хьо бен дагар дийца накъост вац Со дуьне дитна д1ацаг1ахь Хьа безам кхана шел цалахь Хьоменаг вовшех довла вай йиш яц Лаьа суна, лаьа суна, ирсах юзна суьйре йог1ийла Даим хьайца со га лиъна безама дош соь ахь олийла Цундела са дагахь кхети и са ирса суьйре сих йе хьа Безам теза совг1ат хети Ирсе да вай дахар хьажахьа Вайшина ирс кхола хьажахь
  • К1антана йо1 йезало Цуна амалш хаза лой Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Даг чохь ехаш хаза йо1 К1анта ч1ог1а ойла йо Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Дош лур дуй те безамна Реза хир йуй везарна Дог сай 1абоьш безамца Ваха ляа суна йезарца Хаза дог1у маьлха де К1ант, 1ой дог1у шовдане Ойлане йо1 хьожу везаре Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Бохуш маца хир ду те Тхой шиъ цхьана кхета де Ас са туьйсу ц1уьна безаме Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Малх чубузуш суьйрянца Йо1 д1айаг1а везарца Безамо дог хьаьстина Даха лур дац вовшях къаьстина Хаза нускал далина Йо1 диканиг йалина Ирсах вуьзна кхечи мялха де Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Беза хьейши кхейкхина Син къерами гоь бина Илляш дека, дека са мукъне Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Новкъа йог1у машенаш Бераша доху кхаънаш Керта далош нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Ас д1а олу сай иллеш Деза йо1, к1ант декъал дяш декъал деш уьш цхьана кхятта де Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Вовши ирсах бакхи беш Х1усмяхь йовхо латта йяш Д1а ма йойла шу безама ц1е Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю Дека дека са илляш Къона безам декъал бяш Лятташ хаза нускал ду Дикчу нена хаза йо1 и ю