Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Са хьоме ваша»
исполнителя Валид Гадаев.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Ойла йаьш лаьтта со, барз т1ера жимч чуьрте хьоьжуш,
В раздумьях стою, на надгробье могилки смотря.

Маьл ваьзнарг веллаьхь а, йух ваьрзо бац админ ниц1къ.
Сколь любим бы не был ушедший, возратить его не в силах никто.

Цу кашчохь сан жима, сан хьоме ваша ву 1уьллуш,
В этой могиле мой младший, мой милый похоронен брат,

1ожало хеназа катоьхна д1авигна и.
Смерть раньше времени, внезапно отняла его у нас.

Припев:

Сан ваша, сан хьоме ваша,
Брат мой, мой милый брат,

Дагдог1а суна ахь доьххьара хаза ког боккхуш.
Помню первые твои прекрасные шаги.

Сан ваша, сан жима ваша,
Брат мой, мой милый брат,

Тхо дитна ваг1а хьо, дуьненчохь кхи хан ца йоккхуш.
Покинул ты нас, покинул ты мир.

Латта сан 1аржвелла, де доьхна Дада ву лаьтташ,
Угрюмее тучи отец наш, поникнув, стоит,

1адато цамагин, цавоьлхуш ч1аг1велла и.
Традиции помня,- из глаз не роняет он слез,

Амма цун дагдеъча, хьо уьдуш чена къур г1аттош,
Но в сердце его твой резвый бег, играющий в пыли,

Цо муха сацор ду б1аьргера бухдуьлу хи.
Как же сдержать ему влагу, затмевающую взгляд.

Припев.

Кест-кеста йог1ур йу хьан барз т1е йилхина Нана,
Часто будет сюда приходить заплаканная мать

Йар иза даимна сагатдаьш, сатуьйсуш хьоь.
Все время грустила она о тебе в тревоге,

Цу Везчу вай Деле даггара хьун гечдар доьхуш,
Благословенье просила у Бога она для тебя,

Нанас шен хаза куьг хьокхур ду хьан коша т1е.
И долго будет она над твоею могилой склоняться,
нежной материнской рукой проводя.

Другие песни исполнителя:

  • Х1у де ас, хьомениг, доьлхуч дагна Къинт1ера яла со хьайх къастарна Ма хьежа б1ара сан ойланашца Ма делха, ма делха кирар дог сан. Кху хаз чу 1уьйренца ойланаш ю Кху хаз чу суьйренца безамаш бу, Вайщина-м дегнаш вовшех хьегош, Лелар ду, лелар ду неха синош. Яланза ца ялла - ехар ю хьо Валанза ца вялла - вехар ву со. Вайщина-м дахар хирдац цхьана Хили хьоьх, хили хьоьх боккха бала. Лай-ла-ла лай-ла-ла лай-ла ла-ла Лай-ла-ла лай-ла-ла лай-ла ла-ла Ма хьежа б1ара сан ойланашца Ма делха, ма делха кирар дог сан.
  • ".. Хаза ю ламанца буьйса, Батто стиглахь нека до, Ойла ю тоелла тховса, Безам кийрахь ийало.. Собар дехьа, д1а ма г1охьа, Сай даггар дийцитахьа, Ши дош ала бакъо лохьа, "Еза, йола" алийтахьа.. Наб озийначу хин йистехь.. "Веза, йог1у" ахьа аьлча.. Цу лекхачу толлан 1индаг1ехь Бехк буй ас илли аьлча.."
  • Жималлехь дуьйна хьо езайелла лела со, Хан-зама д1ауьду хаза хуьлуш лаьтта хьо, Х1инца хьо урамехь схьа йог1уш суна го, Амма сан тергарло ца йеш д1а йоьду хьо. Ва, нена йо1, доьху хьога ма г1о, Ва, нена йо1, вист хила пурба ло, Ва, нена йо1, ма хьегавехь хьайха со, Ва, хаза йо1, хьан ц1ергахь вогу со. Хазачу цу б1аьргаш, оьздачу леларо, Хьан елайаларо 1ехийна лела со, Аса х1ун да деза техь диллинчу сай дагна, Хьоьца шен дахаран некъ билла луучунна. Хьо гаре сатуьйсуш хи йистехь лаьтта со, Хьо ца гуш де даьлча сан даго сагаттадо, Х1инца-м сан дерриге дахар хьох тешна ду, Амма хьо юха а суна т1ех ма юьйлу
  • Тахана,Хьо йинчу денца даггара, декъал йа лиъна йаздина,сай илли хьуна ас Дала Хьо, декъала йойла Дахарехь ирс хьуна лойла Даимна некъ сирла хуьлда Хьа! Массара мохь тохи ала: Дахарехь дикане кхача Делера ирс аьтто хуьлда Хьа! Йуьцила- дикана наха, лоьхила- мехкаршна йуккъехь Б1аьрг бузош даимна йехийла! Баркалла Хьо йинчу Нана! Сел хаза Хьо кхиайарна 1аморна ше оьзда г1иллакхаш Хиъча Хьо,хир йара ирсе вер вара дахаран йисте дериг ирс д1аделла Хьуна сай Йиш йоцчу вешийна санна хетта Хьо са дагна герга Г1айг1анехь ма гойла ц1а-а Хьо!
  • Д1а ма г1о, Нана доьху аса хьоьга,Д1а ма г1о....... Хьо ма сиха къеж йо,тиш йо дахаро. Х1ора денна гена йуьлу ,Са дог 1ийжош ,Нана хьо. Со х1ар дуьне ,оьшуш вац йоцуш хьо. Нана,Нана кху дуьненах хьол а мерза х1умма дац. Хьуна хьалхар,со сай декхар цкъа а текхна вера вац. Нана,Нана доьху хьоьга суна дукха яха лахь. Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къин т1ера ца ялахь. Г1ел велла,лела халла синош дохуш, Тахна хьо,д1а ма ели жимчохь лера хаза хан, Хьо къан лур яц моьтуш цкъа а,со ма лелла дахараьхь. Ма г1охьа д1а,сох къаьстина,Нана хьо. Хьох хер вина,лела со д1а вигна къизчу замано. Нана,нана гена махкахь,со лар во хьан безамо... Хьоме ,Нана,х1у де аса,хьан дог хьаста,алахьа.. Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къинт1ера ца ялахь. Нана,Нана,кху дуьненахь,хьол а деза х1умма дац. Хьуна хьалхар,со сай декхар цкъа а текхна вера вац. Нана,Нана доьху хьоьга суна дукха яха лахь. Вижа лахьта,дац ма боху,хьо къин т1ера ца ялахь.