Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Синкъерам»
исполнителя Макка Межиева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Вай цхьана кхетта сакхера х1инца хевшина,
Зудберийн озо массеран дегнаш айдина,
Мел хаза хета кху суьйрене шу гулделла!
Мел дика хета шу долуш вай бал тобелла!

Цхьа ког шершош хелха ера ю со ла-ла-ла!
Жимма 1е к1ант, ахьа вота тоха, х1орс то1!
Ма дог1уш ду вайшинне хелхар, ла-ла-ла!
Самукъне сарахь даздер вай тайна, ла-ла-ла!

Мах белла ловзар вай х1отто деза суьйранна,
Даггара цунна дош дита деза нийсаршна,
Кегийрхой вовшех синкъераме боба хевшина,
Доттаг1ий гонах ловзар дош алар къевсина.

Сийначу майданехь т1амаршца зезаг х1оьттина,
Хьоьжу б1аьрг хьаста, дегнашкахь б1аьсте лоттийла,
Хастам бу хьуна сийлахь сан Даймохк, ч1аг1лолахь,
Машаран т1аьхье тхан доьхьа кхио бахалахь

Другие песни исполнителя:

  • Дашо т1ам схъалеци ахь. Нохчи сийлахь мяхка къант. Хьа диканаш кхачадалц. Хьо тха (...) меттиг бац беной къант. Беной ламан къант. Дахаряхь хьо тхуна ишта веза ву. Оьшучохь хьо тхуна Дала велла ву. Ху хала ду тхуна ишта хьо волуш. Дъаьаллариг кхочуш хьуллуш хьа хилча. Хе хеее, хеее, хеее... Малх схьакхета лома букъатяхь И чу бузу (...) хаза лепаряхь Ясса я боьду тулгич(...) керчадяш Хьо схьагушяхь дегнаш ловза дюйлу тха. Хе хеее, хеее, хеее... Хьара зама, къонахий, Уггар хала зама ю. Уггар халчу заманчохь, Мяхка сийлахь къонах ву беной къант. Беной ламан къант Бусахь, дийнахь дагца тъем ца лоьху ахь Вижна ягьна хенаш хета эрна ще. Цъа доггахьа семма лела лелачохь Хьоца хьийцаделла дахар нохчийчохь Хе хеее, хеее, хеее... Баркалла ду хьуна мяхка къонаха. Ясса стигал маьрша некъаш шера тха. Маьрша дели хаза дахар хьоци тха. Са нохчичоь даймохк сийлахь бу тахна. Хе хеее, хеее, хеее... Ламан басяш хеда еш. Хаза некъаш дехкина. Вай (...) лар дина. Хаза некъаш шар динарг беной къант. Беной сийлахь къант. Илли ала илли тайна божарий. Йиш дъалакха хаза тайна мехкарий. Эшар лакха эшар дикачу пондарчо. Хьаставе вай силахь мяхка къонаха Хе хеее, хеее, хеее... Массал еза хуьлда мяхка халонаш. Йита еза хаза йоцу ойланаш. Ху хала ду даха вайна доттаг1ий Дено деноца тоьлуш лятта дахар вай. Хе хеее, хеее, хеее... Массал еза хуьлда мяхка халонаш. Йита еза хаза йоцу ойланаш. Ху хала ду даха вайна доттаг1ий Дено деноца тоьлуш лятта дахар вай. Хе хеее, хеее, хеее...
  • Х1инце, х1инце кхочу бохуш Къайлах даккхи синош дохуш Куьзга хьалхалуьйцу аьлла Эр ду ас иза акхаяьлла Сахьте дукха хьоьжуш 1ийча Даго кхойкхуш ларъеш гича Цунах кхоьруш яла йоллу Кийрахь дог схьаэккха доллу Соьга цо хан ма йиллити Кера юккъе ч1уг йиллити Хаза дийци, хье д1аийци Ц1ахь 1е йина ойла хийци Буса койнах г1уй ма бола Дог1а токхи чу ма дола Г1уй баьккхина карор ма бу Не1 йиллина карор ма ю Х1у дер суна т1емаш даьлча Баби и к1ант везна ваьлча Соьга цо хан ма йиллити Кера юккъе ч1уг йиллити Хаза дийци, хье д1аийци Ц1ахь 1е йина ойла хийци
  • Лааркха сунама, х1ай нена дика к1ант, Хьо волчо ва кхача, хьо вехач х1усаме, Хьа х1усмехь тов юьлуш, к1ай полла ва санна, Со хьизар яр хьуна, йоьхь к1айчу хьо х1иттош. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Лааркха сунама, хьо вина хьа нана, И суна реза юй, со хьоьга йигита, Хьай нена пурбанца со йига хьо ваг1ахь, Ас ч1аг1о йо хьуна хьа нана ирсе йа. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Со йолче хьо вог1е, хин коьрте со кхойкхе, Хазаниг схьахьажа, ахь соьга ва бохуш, Д1ахьажа эхь хеташ, кирар дог ва ловзуш, Вай лаьттин хин коьрте, соьх йиса йоьллу те. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Со артист ю бохуш, зуд хир яц соьх бохуш, Хьо дохко ма вийла, ма деха нахе ла, Со 1адда йитина, ахь зуда ва ялохь, Со йог1ар ю хьуна, шу лула ва маре. Хьа лула ва еъна, со яха ва хиъчи, К1ай полла ва санна, со хьийзаш ва ейчи, Хьо дохко вели те, нахе ладег1арна, Са дехар ду хьоьга, сам вала хьажахьа. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш.
  • Дикчу к1ентан сий а деш Массо дог1маш айъа деш Боккхур бу вай хелхар бал Екаеш х1ар ловзар зал Тахналерачу дийнахь Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. Хьан доттаг1ий, нийсархой Баьхкин к1ентан айъа той Дела реза хуьлда царна Шаьш бехачу массо ханна Айъа делаш сийлахь той Гергар лераш, хьовсархой Боккхуш тахна хелхар бал Екаеш вайн ловзар зал. Боккхуш тахна хелхар бал Екаеш вайн ловзар зал. Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур.