Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Айъа той»
исполнителя Макка Межиева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Дикчу к1ентан сий а деш
Массо дог1маш айъа деш
Боккхур бу вай хелхар бал
Екаеш х1ар ловзар зал
Тахналерачу дийнахь
Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма
Даггахь хиларг кхочушдеш
Гулделла хьан х1усамехь
Даггахь хиларг кхочушдеш
Гулделла хьан х1усамехь

Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.

Хьан доттаг1ий, нийсархой
Баьхкин к1ентан айъа той
Дела реза хуьлда царна
Шаьш бехачу массо ханна
Айъа делаш сийлахь той
Гергар лераш, хьовсархой
Боккхуш тахна хелхар бал
Екаеш вайн ловзар зал.
Боккхуш тахна хелхар бал
Екаеш вайн ловзар зал.

Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.

Другие песни исполнителя:

  • Вай цхьана кхетта сакхера х1инца хевшина, Зудберийн озо массеран дегнаш айдина, Мел хаза хета кху суьйрене шу гулделла! Мел дика хета шу долуш вай бал тобелла! Цхьа ког шершош хелха ера ю со ла-ла-ла! Жимма 1е к1ант, ахьа вота тоха, х1орс то1! Ма дог1уш ду вайшинне хелхар, ла-ла-ла! Самукъне сарахь даздер вай тайна, ла-ла-ла! Мах белла ловзар вай х1отто деза суьйранна, Даггара цунна дош дита деза нийсаршна, Кегийрхой вовшех синкъераме боба хевшина, Доттаг1ий гонах ловзар дош алар къевсина. Сийначу майданехь т1амаршца зезаг х1оьттина, Хьоьжу б1аьрг хьаста, дегнашкахь б1аьсте лоттийла, Хастам бу хьуна сийлахь сан Даймохк, ч1аг1лолахь, Машаран т1аьхье тхан доьхьа кхио бахалахь
  • Йинчу денца декъал йо, сийлахь эли Нана хьо, жимчохь дуьна дикалла къаста тигац хьоьхи д1а дависса хьа дагчу хьажжа ху дагахь ю хаа хьо, сил мерза дог эца ц1а 1амичахь 1амина хьо, Припев: Дала декъал йойла хьо ирсе хаза Нана хьо йинчу денца декъал йо хьа сийлахь чу доьзало., дуьне маьрша даалахь хьай к1антана йахалахь комаьрша хьай хазчу хусмехь могуш маьрша лелахь. Тхо дуьлхичи йоьлху хьо, тхо диличи йоьлу хьо, вонаш къайла доху ахь машаре мот лебо ахь къинхетаме дог Аману сийлахь мехка Нана хьо тха паччахьа зезаг хьо везчу Далла еза хьо припев: Дала декъал йойла хьо ирсе хаза Нана хьо йинчу денца декъал йо хьа сийлахь чу доьзало., дуьне маьрша даалахь хьай к1антана йахалахь комаьрша хьай хазчу хусмехь могуш маьрша лелахь. Гергара нах алсам бу хьа йиша ваша мерза ду доттаг1и мел дукха бу хьа декъал йо хьо вай махко Маккас хастош йиш д1а локхуш Зулай хелха йери ю Зарган кечбо мерзи кхача цо вайшинге кхойкхур ду Зезагашлахь йузур ю декъал йарца Аману Везчу Деле йоьхур ю Маккахь Меднахь ва санна Везан Дели яхита могуш маьрша йолуш хьо хилла лелларш довлуш гена маьлха б1аьргаш делита припев: Дала декъал йойла хьо ирсе хаза Нана хьо йинчу денца декъал йо хьа сийлахь чу доьзало дуьне маьрша даалахь хьай к1антана яхалахь комаьрша хьай хазчу хусмехь могуш маьрша лелахь. Дина маршо ц1ена мохк хьовза йе ч1уг бог1а бохь бакъо ю вай нохчи неха сийлахь вериг дарже хьош вай Рамзана Нана ю и вай сийлахь йези ю ловза йер ва дег1иста оцул хазчу кху денца Дала декъал йойла хьо ирсе хаза Нана хьо йинчу денца декъал йо хьа сийлахьчу доьзало дуьне маьрша даалахь хьай к1антана йахалахь комаьрша хьай хазчу хусмехь могуш маьрша лелахь.
  • И ма дара хазчу баьста, байтаьхь зезаг малхо хьоьста. Заза хецна а1ламо. Урам новкъахь йоьдуш, йог1уш, хьа ц1е хьу ю соьга бохаш, лецира со безамо. Лекхачу ломал ойла йолуш. Г1илакх доьнал шеца долаш вайнеха к1ант воьвзина. Дагана еза елла бохаш, шега йаде йола бохаш, цо са корта хьовзира. Д1а йоьда зама, вайга кхойкху безамо. Вай цана даха деза боху кхолламо. Безаман новкъахь вайши сема ца хилахь, хьо са хир вац, со хьа хир яц. Безамо хьоьсташ мялха дюне хизар ду. Хьо са хир ву, хьо са хир ву, со хьа хир ю. Ас дош ло хьуна хьоменаг, хьо тешалахь, хьо тешалахь, соьх тешалахь. Зезаг санна хаза ю со. Тейпана Дишни йо1 ю со. Соьца ваха лур вуй хьо?!.. Хьомениг соьхь ниса кхета, хьо дюнена меха хета. Хазалехь ма 1ехало. Лекхачу ломал ойла йолуш, г1илакх доьнал шеца долуш, к1анта йо1е элира:"хьо йоцуриг Кхи йо1 эшац, хьоьца бе Кхи дахар дезац. Дала декъал вай дойла." Д1а йоьда зама, вайга кхойкху безамо. Вай цана даха деза боху кхолламо. Безаман новкъахь вайши сема ца хилахь, хьо са хир вац, со хьа хир яц. Безамо хьоьсташ мялха дюне хизар ду. Хьо са хир ву, хьо са хир ву, со хьа хир ю. Ас дош ло хьуна хьоменаг, хьо тешалахь, хьо тешалахь, соьх тешалахь. И парень девушке сказал: "Ты лишь моя, княгиня, королева звезд Дишнинская. Я твой садовник, но ты лишь мой цветок. Лишь мой цветок, любви цветок. Тебя я буду и любить и понимать и жизнь красивую смогу для нас создать. Ты только в этом мне немножко помоги. Мне помоги. Не подведи." -"Тебя люблю я, понимаю и ценю. Свою любовь тебе и жизнь свою дарю. Спасибо милый мой, что ты теперь со мной. Что ты со мной и только мой."
  • Мичахь ву хьо хIинца, со езна хIай оьзда кIант? Ца карий хьо хийца, дуьненчохь суна кхин кIант.. Ойла сан дIагIерта, дIагIерта, хьо вехачу хазчу юьрта.. Кара ца во, кара ца во, лехарах хьо кара ца во.. Гучувала, гучувала.. бIаьргашна гучувала.. Со-м хIинца кIадъелла, Хьоь хьежна гIелъелла.. Ала соьга хIинца, хIинца хьо муха мегар ву-те, яцахь хьан дог эца хьайца.. Сан метта мила хир ю-те..