Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Йолахьа»
исполнителя Ислам Идигов.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Хьо езаш, хьомениг, сан дагах летта сийна ц1е, ала соьга, ас и муха яйа-те?
Вайшиъ цхьаьнакхетта дог1ур дуй-те де, дуьне соьх дисале?
Хьо езар хьоьга кхойкхуш долчу дагчохь къуьйлуш сайн, цу хьа безамах со-м хьоьгуш лелаш вай.
Доьху хьоьга, суна орцах ялахьа, къинхетам бе ахьа.
Йолахьа, дагна езнарг, хьо со волчу йолахьа, хьайна веза алий, дог сан хьастахьа.
Кху дуьненчохь вайшиъ цхьаьна дахийта, хьомениг сан.
Суна хьо, дагна езнарг, кху дуьненан меха ю, хаац хьоьца воцуш муха вехар ву.
Кху дуьненах къаста хьоьца доцучу со-м реза ву.
Ас лоьхург, дагна езнарг, хьуна хаа, хьо бен яц, хьоьца боцу кхоллам суна оьшуш бац, хьоьца бен хир доцчу цу сай ирсах са дог дилла йиш ма яц.
Ткъа х1етте, хьа безаме кхойкхуш са дог деттало, ахь ша д1атосур ду цуна моттало.
Нагахь хьайна жимма-жимма везахь со, хьай безам суна ло.
Йолахьа, дагна езнарг, хьо со волчу йолахьа, хьайна веза алий, дог са хьастахьа.
Кху дуьненчохь вайшиъ цхьаьна дахийта, хьомениг са.
Суна хьо, дагна езнарг, кху дуьненан меха ю, хаац хьоьца воцуш муха вехар ву.
Кху дуьненах кьаста хьоьца доцучу со-м реза ву.

Клип к песне:

Другие песни исполнителя:

  • Хьомениг, Хаза б1аьргаш доьлхуш ду, ма боху Хьа жима дог доьлхуш ду, ма боху Вай безамна йоьлхуш ю хьо, ма боху Хьа дагчура д1а ца волу, ма боху. Ма елха. Доьху хьоьга вай безамна,ма елха Хьай дагчура ахьа со д1авайъа Доьху хьоьга г1ийла ма елха. Хьомениг, Сан даго хьо оьшу ма боху Хьо ца хилча г1ийла ду ша ма боху Вай безамна доьлхуш ду ма боху Хьо дагчура д1а ца йолу ма боху Езна хьо Тешалахь, хьо езна суна даггара Хийла хьоьга болу безам са ц1ена Хьоьла хьоме хил дац са хумма. Езна хьо, Тешалахь, хьо езна суна даггара Хийла хьоьга болу безам са ц1ена Хьоьла хьоме хил дац са хумма.