Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Со ехачу юьртахь»
исполнителя Тамара Адамова.
Скачать или слушать онлайн

00:00/00:00

Текст песни:

Текст песни не найден. Добавить?
Мы платим за добавление текста. Вам нужно авторизоваться, чтобы мы смогли вам заплатить
Отмена

Клип к песне:

Другие песни исполнителя:

  • I. Ирсах дог диллинчу хенахь, хьомениг воьвзира хьо, Малх санна сирла сан дахар къагийра хьан безамо. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. II. Даим сан дог кхийда хьоьга, сатуьйсуш хьо кхачаре, Довха дош аьлла ахь соьга, безамца дог эцаре. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа. III. Хьомениг,1адика йойла, кхин суна гур вуй те хьо, Хьо везар хьоьга д1а ала, сатуьйсуш ехар ю со. Припев : 1аламна малх санна веза суна, Хьаг елча хи санна веза суна, Хьайн даго ху боху алахьа. Хьо воцу дуьне ца оьшу суна, Хьо воцу дахар ца оьшу суна, Со хьайна еза ахь алахьа.
  • ма хаза йоьду зама хьо са дог ахь хёсту жималло и еьхош хьора хазчу хабаро ма хаза йоьду жималла са б1аргаш доьлуш хазалла са ойла хоьстуш ц1енцу безамо ха1а суна ха1а суна вай хаза хан даим леттаряц вай мел дялхарх, вай мел хьижарх жималла юха йорзур яц цун дела ас доьху хьёга ойла еш хьо хила хьоменаг куьар ду вай гховшех хьега дицде вайна юкъахь мел хиллаг хьо суна муха вицлур ву хьох ялахь муха мегар ю ахь еза бохуш дукха хьесту со хьа къона хазчу б1аргаша хьа мерзачу цу дешнаша хинцалц сана суна йовхо ло ха1а суна ха1а суна кхоламо ше йовза яздирду со мел човха ялхарх хуна рицкъа даца со хьох къестар ю цундела ас доьху хоьга вай безама сийдеш хилахьа куьар ду вай гховшех хьега ирсе да вай дахар хьажахьа
  • Хьалхарчу Азера, Месопотамера, Тигран, Евфратан шеларшна юккъера, Цу шема-шумеран сийначу арара Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Элчанан умматах, Ибрах1иман миллатах, Нохь-пайхамаран ц1ийнах, хурритийн орамах, Евзачу арара, бакъ болчу элех, Нохчалла ларйина, нохчий ду тхо! Аллах1 ша цхьаъ винчех, Вайн Элча бакъ винчех, Устазаш лоьручех, Нохчаллин новкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Нохь-пайхамаран ц1арах ц1е хоьттинчу къоман, Цу ц1еран сий лардеш, синош ца кхоийна, Эзарнаш шерашкахь иэхь-бехк ца дайина, Нохчалла совг1ат долуш нохчий ду тхо! Кавказан лаьмнашка Дала ша далийна, Дуьненчохь массарел исбаьхьа мохк белла, И ларбан, къам лардан доьналла а делла, Дзурдзукаш, нахаш ду, нохчий ду тхо! Гергарло хуьттучех, Хьаша-да лоручех, Харцо ловр йоцучех, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Бакъонца, нийсонца доттаг1ий хиндераш, Машаре кхойкхучохь машаре дог1удерш, Т1амций бен некъ бацахь, и некъ т1елоцуберш, Нохчалла ца хуьйцуш, нохчий ду тхо! Адаман, Хьаван а берашна, адамашна, Дуьненчохь зуламца г1он доцу, ца дахна, Иэхь-иман, Делера дуй хууш, лардина, Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо! Ден-ненан сий дечех, Йиша-ваша дезачех, Доьзалан дай долучех, Нохчалла сийлахь йолуш, нохчий ду тхо! Иманца, Исламца, собарца, г1иллакхца, Лерамца, тешамца, марзонца, безамца Лууш ду даха тхо дуьненчохь массаьрца, Адаман бераш ду, нохчий ду тхо! Дуьненахь, эхартахь, нийсачу невкъа т1ехь Яххьаш тхайн к1айн йолуш, Къематан дийнахь Тхайна Хьо везачех, Хьайна тхо дезачех Дехьа тхо, я Аллах1, цхьаъ волу Эла!