Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Нохчий к1ант»
исполнителя Амина Ахмадова.
Скачать или слушать онлайн

00:00/00:00

Текст песни:

Цхьа жима заманаш хьалха хьара санна дерг гур дара аьлча,
Тешара ма вацара цхьа а, массо а ша шена ваьлла,
Дуьненах дог дилла кийча, кханенга боцуш сатийсам,
Халкъ доьхна даьржина дисича, къонахчо сацабийр иза.

Нохчийн к1ант хьо мел ву тешна ду са,
Баланаш, г1айг1анаш гур ма дац цкъа а,
Нохчийн к1ант хьол сийлахь хир ма вац цхьа а,
Декъала хуьлийла ойланаш хьан.

Х1ора а адамийн маршо шен сил а еза ю бохуш,
Дуй биина махкахь и яржо вай синош яьхье а дог1уш,
Шен дуьхьа турпалхо велла, Даймехкан ц1е йоьйитур йоцуш,
Хьалха ваьлла турпалхо ваьлла къонахчун некъ буьтур боцуш.

Хьоьца ду дахаран беркат, комаьрша дог ц1ена ойла,
Х1ора а х1усаман терчохь барт хила лууш ву гойла,
Делчарна беркат вай махкахь, даржийна тахана хьо ваьлча,
Ма тешара вацара цхьа а хьара сандерг гур дара аьлча.

Другие песни исполнителя:

  • Вайшинне эхарт мохе цIа дехар Хьо воцуш яхар тIулге са дехар Хьо виц ва г1уртар куьйга хи шардар Хьо виц ва гIертар кога гIан къардар Хьо цхьаъ бен воцуш ерг цкъа а ца хилларг Серлонна воцуш верг боданехь тилларг БIе эзар цIе йолуш дуьненчу ваьлларг Сан деган ца боьрзу мохь хилла ваьлларг припев: Дуьненна го бохуш хьо лихи хийла Кхоьллина хиллакха вай цхьана хила Азаллехь вай синош кхуллучу хенахь Доьвзина дара те самах я г1енах Хьоьга ладегIар сине са дехар Хьоьга ладег1ар Деле хьо вехар Хьоьга ладег1ар, хьо виц ва г1ертар Соьцанна г1ур ду те цу кешнийн керта Хьо цхьаъ бен воцуш ерг цкъа а ца хилларг Серлонна воцуш верг болатах винарг Б1е эзар шарахь ц1а дуьненчу ваьлларг Са даг чохь йовр йоцу ц1е хилла ваьлларг Дуьненна го бохуш хьо лихи хийла Кхоьллина хиллакха вай цхьана хила Азаллехь вай синош кхуллучу хенахь Доьвзина дара те самах я г1енах
  • 1. Са къона дахар ловза деш, соьх хьайна кхачам бина ахь. Безамах кисикаша а еш, уьш лехьош некъ бойтуш бу ахь, Асам сай ц1ийца язийна, хьа ц1е а са ц1е юх юхьахь, Хьа доьхьа яла реза ю, ирсах со хьогуш хиларах. Припев: 1уьйре йита т1е лоцу ас, суьйре йита т1е лоцу ас, хьоьх ца йолуш хьомениг, дуьне дита т1е лоцу ас. 2. Ладог1а соьга хьомениг хьа меха х1ума даций иса. Хьуна сай са а ца кхоош, цхьа къонах сайна йо1 ю со. Хьо ларва хотта майра ю, оьшучохь орцах ера ю. Ахь бахахь нагах хьомениг, ахь бохург деш 1а реза ю. Припев: 1уьйре йита т1е лоцу ас, суьйре йита т1е лоцу ас, хьоьх ца йолуш хьомениг, дуьне дита т1е лоцу ас. 3. Язбехьа кхоллам хьомениг и язба дагах хьо велахь. Хьо веза ала дош доцуш, ма якха со хьайх йиш ялахь. Безаман хьал хьо хууш ву и бала 1ойшина со ю, Нагахь цхьаъ хилла къастахь вай, и ла де доцуш йужур ю. Припев: 1уьйре йита т1е лоцу ас, суьйре йита т1е лоцу ас, хьоьх ца йолуш хьомениг, дуьне дита т1е лоцу ас.