Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Чеченские песни.
Страница 6

Исполнители

Добавить
Все чеченские исполнители
  • И ма дара хазчу баьста, байтаьхь зезаг малхо хьоьста. Заза хецна а1ламо. Урам новкъахь йоьдуш, йог1уш, хьа ц1е хьу ю соьга бохаш, лецира со безамо. Лекхачу ломал ойла йолуш. Г1илакх доьнал шеца долаш вайнеха к1ант воьвзина. Дагана еза елла бохаш, шега йаде йола бохаш, цо са корта хьовзира. Д1а йоьда зама, вайга кхойкху безамо. Вай цана даха деза боху кхолламо. Безаман новкъахь вайши сема ца хилахь, хьо са хир вац, со хьа хир яц. Безамо хьоьсташ мялха дюне хизар ду. Хьо са хир ву, хьо са хир ву, со хьа хир ю. Ас дош ло хьуна хьоменаг, хьо тешалахь, хьо тешалахь, соьх тешалахь. Зезаг санна хаза ю со. Тейпана Дишни йо1 ю со. Соьца ваха лур вуй хьо?!.. Хьомениг соьхь ниса кхета, хьо дюнена меха хета. Хазалехь ма 1ехало. Лекхачу ломал ойла йолуш, г1илакх доьнал шеца долуш, к1анта йо1е элира:\"хьо йоцуриг Кхи йо1 эшац, хьоьца бе Кхи дахар дезац. Дала декъал вай дойла.\" Д1а йоьда зама, вайга кхойкху безамо. Вай цана даха деза боху кхолламо. Безаман новкъахь вайши сема ца хилахь, хьо са хир вац, со хьа хир яц. Безамо хьоьсташ мялха дюне хизар ду. Хьо са хир ву, хьо са хир ву, со хьа хир ю. Ас дош ло хьуна хьоменаг, хьо тешалахь, хьо тешалахь, соьх тешалахь.
  • Хьан шовда дека хьан дуьхьа, Хаза б1аьсте йог1у хьан дуьхьа, Кху дуьненчохь еха хьан дуьхьа, Жимма йехьа ойла сан дуьхьа. Нур дашо малх кхеташ хьоьх тарло, Бай т1ехь зезаг техкаш хьоьх тарло, Дитто доккху заза хьоьх тарло, Иштта хаза хета хьо суна. Собар дехьа, сих ма ло, сихлой хьо д1а ма г1о, Аса дуьйцучух кхетахьа, жимма сан дог хьастахьа. Дог1а дог1у, иза хьан дуьхьа, Иза соцу, таккха а хьан дуьхьа, Дог1а сецча дека олхазарш, Уьш хьан дуьхьа декаш хетало. Ара яьлчи кхетта дашо малх, Дашо з1аьнарш шеца яржийна, Дерриг дуьне серла даьккхина, Иштта сирла, хаза хета хьо.
  • Хьо ца вог1уш де д1адели, дели кхи ши де Ас к1оршаме аьлла дериг, массе дели те Хаахьара хьуна везнарг и сан г1алат дуй Хьо везар сох делла дагца, дог ду оьг1азе Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(2) Йитта еза 1овдалалла, ц1ерах амалаш корта къовлуш деза йовлакх , еха кучамаш хьан да-нана сай тардина, оьзда амалаш лоруш хьанна хьоьца яха , деги безам сан. Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(2) Бехке ю со , къера ю со! со хьоьл тоьлур яц Сан качалла , хьан доьналла цхьанна дог1ур дац дохко ели , дог сайн дели хьуна аса д1а хьа толамма ирсе хилла хьа лаам бу со! Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(4)
  • Хьахка йезар сина волга хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Схьа ваккха везар хьай зудчунгара хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Далалалай далалалалай далалалалай х1ей Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Дахаро луьцуш замано хуьйцуш Даймехке йис хьо вай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Дахар ирсе то да хьовса вай Бацалахь лепа зезагаш санна Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Дохьал х1уьтту хьоьца дахар са Ала илли хаза олхазар Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Карзах дохуш синтям байда дог 1аьржа 1арг1а 1аьржа буьйса х1ай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Ахь ма йетта суна дагах мохь Хьа барх а лелар ахь йуьцу харцо х1ай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Синтям бохош детта дагах ов Далалалай далалалалай далалалалай х1ай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Дахаро луьцуш замано хуьйцуш Даймехке йис хьо вай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Дахар ирсе то да хьовса вай Дага еца мерза безам хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Йуха йаг1ац вай д1айахна хан Ма г1ерта вада хьай бекам г1илпа х1ай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Ва хьо веха хьо ца везачо К1айна чиркха серло ма леха Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Зуда йолу к1енти ма леха Хьай коьрта бала со боху хьуна х1ей Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Са .... 1овдал корта х1ай Далалалай далалалалай далалалалай х1ай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Дахаро луьцуш замано хуьйцуш Даймехке йис хьо вай Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Дахар ирсе то да хьовса вай Марша 1ойла хаза дотаг1 са Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Хьа сибат ас кийрахь хьуш ду д1а Кху дуьненахь воьг1а вацахь хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай .... кхетар хир ду мацкха ц1а Хьахка йезар сина волга хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо Схьа ваккха везар хьай зудчунгара хьо Х1ай, Х1ай Х1ай Х1ай Вадо везар нена хаз к1ант хьо
  • Хьо езаш, хьомениг, сан дагах летта сийна ц1е, ала соьга, ас и муха яйа-те? Вайшиъ цхьаьнакхетта дог1ур дуй-те де, дуьне соьх дисале? Хьо езар хьоьга кхойкхуш долчу дагчохь къуьйлуш сайн, цу хьа безамах со-м хьоьгуш лелаш вай. Доьху хьоьга, суна орцах ялахьа, къинхетам бе ахьа. Йолахьа, дагна езнарг, хьо со волчу йолахьа, хьайна веза алий, дог сан хьастахьа. Кху дуьненчохь вайшиъ цхьаьна дахийта, хьомениг сан. Суна хьо, дагна езнарг, кху дуьненан меха ю, хаац хьоьца воцуш муха вехар ву. Кху дуьненах къаста хьоьца доцучу со-м реза ву. Ас лоьхург, дагна езнарг, хьуна хаа, хьо бен яц, хьоьца боцу кхоллам суна оьшуш бац, хьоьца бен хир доцчу цу сай ирсах са дог дилла йиш ма яц. Ткъа х1етте, хьа безаме кхойкхуш са дог деттало, ахь ша д1атосур ду цуна моттало. Нагахь хьайна жимма-жимма везахь со, хьай безам суна ло. Йолахьа, дагна езнарг, хьо со волчу йолахьа, хьайна веза алий, дог са хьастахьа. Кху дуьненчохь вайшиъ цхьаьна дахийта, хьомениг са. Суна хьо, дагна езнарг, кху дуьненан меха ю, хаац хьоьца воцуш муха вехар ву. Кху дуьненах кьаста хьоьца доцучу со-м реза ву.
  • Ас безам хьа лехнера хийла чакх юйьлуьш дарцех а шийла безаман серло гуш генахь д1а йовли дуккха а хенаш хьан б1аьргаш соьг мерза хьоьжу безам ас царна чохь боьшу хьо-м генахь ца хилла суна сатийсам багош ас хьуна Сан дахар хилла хьоьца доьзна Сан гIабали ирсах тегна.. Хьо суна санна, со а езна, Хиллера хьо соьга хьежна.. Сан корехь богу хьан седа сан синан бIаьстеха? зийна ГIайгIане сан бIаьрхиш легар ирсечу догIнах тардийна.. Кхолламо ирсан га делла декъал ди дахарехь вайша.. Хьо лоьхуш со дуккха лелла
  • Вай доьвзиначу суьйран сай хир ву аьлла хийтар, Со хьуна гонах хьийзар, хьо кхечунга д|а хьийжар, Са ела къежаш лелар, хьа б|аьргаш чу са хьежар, Ца хилла иза эрна, ваьккхина ас хьо сайна. Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, сан тахна самукъ даьлла Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, ас керла илли аьлла. Вай безамах нах хьоьгу, соьгар хьо ваккха хьоьжу, Хаийла къарлур йоци, цхьанне ас д|а лур воци, Вай ца дезаш а хир бу, шайна хала уьш |ийр бу, Вайш къасто лууш хир бу, амма вайшиъ бертахь хир ду. Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, сан тахна самукъ даьлла Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, ас керла илли аьлла. Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, сан тахна самукъ даьлла Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала, Ахь соьга еза аьлла, ас керла илли аьлла.
  • I. Ма ала соьга ца веза суна хьо Ма йийла ара кхечунна йоьлуш хьо Хьан урам ларбеш хьо езаш лела со Кхечунна йоьлуш хьо яйчи лан ца ло Припев : Вог1у хьо йолчу, хьомениг, со Ара цкъа мукъне ялахьа хьо Хьуна сагаттдо жимчу даго Ма ала, ма ала ца веза хьо ( 2 раза ) II. Са карзах даьккхина бахначу безамо Хьо йиц ца йолитуйтуш ойлано хьийзаво Цкъа мукъне схьа хьажий хьо суна елало Х1унда йо хаза йо1 ахь суна дуьхьалло Припев : Вог1у хьо йолчу, хьомениг, со Ара цкъа мукъне ялахьа хьо Хьуна сагаттдо жимчу даго Ма ала, ма ала ца веза хьо ( 2 раза )
  • Лааркха суна ма х1ай нена дика к1ант Хьо волче ва кхача хьо вехач х1усаме Хьа х1усмехь тов йуьлуш к1ай полла васанна Со хьийзар йар хьуна йих к1айчу хьо х1иттош Хьа х1усмехь тов йуьлуш к1ай полла васанна Со хьийзар йар хьуна йих к1айчу хьо х1иттош Ма зама хир йар вай щиммо хьун ерг Ламни уьзошкахь ахь м1ангал бетташ Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Лааркха суна ма хьо вина хьа нана И суна реза йуй со хьогахь йигита Хьай нена пурбанца со йига хьо ваг1ахь Ас ч1аг1о йо хьуна хьа нана ирсе йа Хьай нена пурбанца со йига хьо ваг1ахь Ас ч1аг1о йо хьуна хьа нана ирсе йа Ма зама хир йар вай щиммо хьун ерг Ламни уьзошкахь ахь м1ангал бетташ Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Со йолчу хьо вог1е хин коьрте со кхойкхе Хазаниг схьа хьажа ахь соьга ва бохуш Д1а хьажа ехь хеташ кийрар даго ловзош Вай лаьттан хин коьрте соьх йиса йоллу те Д1а хьажа ехь хеташ кийрар даго ловзош Вай лаьттан хин коьрте соьх йиса йоллу те Ма зама хир йар вай щиммо хьун ерг Ламни уьзошкахь ахь м1ангал бетташ Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Со артист ю бохуш зуд хир йац сох бохуш Хьо дохко ма вийла ма дег1а нахе ла Со 1ада йитина ахь зуда ва йалохь Со йог1ур йу хьуна шу лула маре Со 1ада йитина ахь зуда ва йалохь Со йог1ур йу хьуна шу лула маре Хьа лула ва еъна со йаха ва хиъчи К1ай полла ва санна со хьийзаш ва йайчи Хьо дохко вели техь нахе ладег1арна Сан дехар ду хьога сам вала хьажахьа Хьо дохко вели техь нахе ладег1арна Сан дехар ду хьога сам вала хьажахьа Ма зама хир йар вай щиммо хьун ерг Ламни уьзошкахь ахь м1ангал бетташ Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш Щелга берам мохь тоьхна сискал Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш
  • Х1инце, х1инце кхочу бохуш Къайлах даккхи синош дохуш Куьзга хьалхалуьйцу аьлла Эр ду ас иза акхаяьлла Сахьте дукха хьоьжуш 1ийча Даго кхойкхуш ларъеш гича Цунах кхоьруш яла йоллу Кийрахь дог схьаэккха доллу Соьга цо хан ма йиллити Кера юккъе ч1уг йиллити Хаза дийци, хье д1аийци Ц1ахь 1е йина ойла хийци Буса койнах г1уй ма бола Дог1а токхи чу ма дола Г1уй баьккхина карор ма бу Не1 йиллина карор ма ю Х1у дер суна т1емаш даьлча Баби и к1ант везна ваьлча Соьга цо хан ма йиллити Кера юккъе ч1уг йиллити Хаза дийци, хье д1аийци Ц1ахь 1е йина ойла хийци
  • Дикчу к1ентан сий а деш Массо дог1маш айъа деш Боккхур бу вай хелхар бал Екаеш х1ар ловзар зал Тахналерачу дийнахь Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. Хьан доттаг1ий, нийсархой Баьхкин к1ентан айъа той Дела реза хуьлда царна Шаьш бехачу массо ханна Айъа делаш сийлахь той Гергар лераш, хьовсархой Боккхуш тахна хелхар бал Екаеш вайн ловзар зал Боккхуш тахна хелхар бал Екаеш вайн ловзар зал Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. Дикчу к1ентан сий а деш Массо дог1маш айъа деш Боккхур бу вай хелхар бал Екаеш х1ар ловзар зал Тахналерачу дийнахь Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур