Сийна ю, сийна ю стигла, г1арг1улеш хьийзаш го стиглахь,
Хьан амал цу стиглахь х1уьттуш, г1арг1улешка ас хьо хоьтту.
Дахарехь хьо декъал хилча, ирсана ас дог д1аделча,
Везачо со ирсе йойла, ойлано хийцайо ойла.
Хьо вог1ур ву геннара некъаш а хедош,
Хьо вог1ур ву сан б1аьргаш ойланехь сецош,
Ладоьг1уш 1ачу хьайха сан дог а тешош,
Хьо вог1ур ву со лоьхуш, хьо вог1ур ву.
Хьо вовзар хили сахьийзар, хьо везар хили хьо тешар,
Безамо хийла хало лайна карор ду вайшиммо лехнарг,
Сийна ю, сийна ю стигла, г1арг1улеш хьийзаш го стиглахь,
Замано хуьйцур ду вайшиъ, дегнаш вай къаьсташ дац вовшех.