Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Цхьа минот»
исполнителя Хава Ташаева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Со яхара сарахь хит1а
К1орни дацар хит1ахь лятташ
Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь
Ас вуьту хьо нисарошна
Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь
Ас вуьту хьо нисарошна

Схьакхита малх схьакхитале
Чу бузу малх чу бузале
Дала к1орни дагар дици
Г1овшех далла доллу вайши
Дала к1орни дагар дици
Г1овшех далла доллу вайши

1уьйре йоцуш йиш яц бохуш
Суьйре йоцуш йиш яц бохуш
Хьо ца хилча йиш яц бохуш
Ас хьо сайна кура вякхи
Хьо ца хилча йиш яц бохуш
Ас хьо сайна кура вякхи

1уьрене да хьо ву меттуш
Суьрене да хьо ву меттуш
Хьай дешан да хьо ву меттуш
Сай леларна дохку йоьлу
Хьай дешан да хьо ву меттуш
Сай леларна дохку йоьлу

Другие песни исполнителя:

  • Хьо везарна бехк ма билла Хьо вовзарна бехк ма билла Хьо веза мегар ду моьттуш Со леларна бехк ма билла Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Ахь баркалла оли хиъняхь Хьо и ала воли хиъняхь Шовдан йистяхь гат ца г1ерташ Куга ахьа йир ери со Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Хьо са хирвац бохуч наха Со хьа хир яц бохуч наха Стиглунаш вахь яха еза Латтанаш бух даха деза Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла... Хьо са хир вац бохуч к1анта Со хьа хир яц бохуч йо1а Ша санна дег1 кхолла деза Цунна чу са дила деза Ас 1уьрене тисина са Ас суьрене тисина са Ас хьо варе тисина са Хьа баркалле тисина хилла...