Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Сил дукха везнарг»
исполнителя Макка Межиева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Дагахь чаккхбаьллачу цамзано 1овжина
Гуш йоцу чов йина, логе шад х1оьттина
Ахь динчух цец яьлла, б1аьрг нег1ар ца кхеташ
1аддийна лаьтта со , ма вайха цец яьллааа!

Ткъе иттан шаран чохь , дош-деше ца долуш
"хьо елий, со велий",- ахь соьга бохуш
Вай яьхьна хаза хан, ахь муха йиц йи те
Вай хала кхиъинчу доьзалах х1ун ди те.

Со хьайга ца яг1ахь дуьйне дац бохуш
Кхечуьнга со йодахь, кош барз буьйцуш
Хьара дуьйне духуш,ас хьо юьттар яц бохуш
Ма атта йитти ахь, сел дуккха везнаааарг

Вайшиммо лайнариг , вай г1ан ду моьттуш
Хьал-бахам то делла, са даккха г1ерташ
Альх1амдулиЛЛахь ,- со аьлла ялале
Далийна д1ахьотти,вай жима нускал шен(2)

Хьо стенна яьлла, карзаха бохуш
Хьоьга-хьа г1о дохуш ,хьан наха чехош
Соьха дог лозун берш , дуьненчохь боцуш
Хьой соьга декъалве,- ахь муха элий те?

Хьо декъал войла,нагахь хир велахь
Со саннарг яьлхинарг, декъалла хиллехь
Хьо дика вехийла, со дика яхахь
Сан хилла дог дика , хуьлийла шуьшинна(2)

Са тоха хьомениг , ахь соьга бохуш
цхьа хала заманаш, текххира вайша
Хьо воцуш де даьлчи, сой лир ю моьттуш
д1аяьхна сан хенаш, шо кхи ницкъ бацар теш

Со хьайга ца яг1ахь дуьйне дац бохуш
Кхечуьнга со йодахь, кош барз буьйцуш
Хьара дуьйне духуш,ас хьо юьттар яц бохуш
Ма атта йитти ахь, сел дуккха везнаааарг(2)

Другие песни исполнителя:

  • Мичахь ву хьо хIинца, со езна хIай оьзда кIант? Ца карий хьо хийца, дуьненчохь суна кхин кIант.. Ойла сан дIагIерта, дIагIерта, хьо вехачу хазчу юьрта.. Кара ца во, кара ца во, лехарах хьо кара ца во.. Гучувала, гучувала.. бIаьргашна гучувала.. Со-м хIинца кIадъелла, Хьоь хьежна гIелъелла.. Ала соьга хIинца, хIинца хьо муха мегар ву-те, яцахь хьан дог эца хьайца.. Сан метта мила хир ю-те..
  • Дикчу к1ентан сий а деш Массо дог1маш айъа деш Боккхур бу вай хелхар бал Екаеш х1ар ловзар зал Тахналерачу дийнахь Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма Даггахь хиларг кхочушдеш Гулделла хьан х1усамехь ( 2 раза ) Припев : Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур. II. Хьан доттаг1ий, нийсархой Баьхкин к1ентан айъа той Дела реза хуьлда царна Шаьш бехачу массо ханна Айъа делаш сийлахь той Гергар лераш, хьовсархой Боккхуш тахна хелхар бал Екаеш вайн ловзар зал ( 2 раза ) Припев : Айъа той, айъа той Дикчу к1ентан мерза той Хьо вахарца ирсе вой Вахалахь, к1ант, безамца Айъа той, айъа той Дайн г1илкхашца вуцалой Хьай ден - ненан ирсан нур, Айъа белахь сийна к1ур.