Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Айъа а той»
исполнителя Макка Межиева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Дикчу к1ентан сий а деш
Массо дог1маш айъа деш
Боккхур бу вай хелхар бал
Екаеш х1ар ловзар зал
Тахналерачу дийнахь
Хьоьгуш ваьхнехь дац х1умма
Даггахь хиларг кхочушдеш
Гулделла хьан х1усамехь ( 2 раза )
Припев :
Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.
II.
Хьан доттаг1ий, нийсархой
Баьхкин к1ентан айъа той
Дела реза хуьлда царна
Шаьш бехачу массо ханна
Айъа делаш сийлахь той
Гергар лераш, хьовсархой
Боккхуш тахна хелхар бал
Екаеш вайн ловзар зал ( 2 раза )
Припев :
Айъа той, айъа той
Дикчу к1ентан мерза той
Хьо вахарца ирсе вой
Вахалахь, к1ант, безамца
Айъа той, айъа той
Дайн г1илкхашца вуцалой
Хьай ден - ненан ирсан нур,
Айъа белахь сийна к1ур.

Другие песни исполнителя:

  • Сан б1аьра г1ийла хьо хьоьжуш, "Суна еза" ахь бохуш, Сан дог ахь хьайха тешийра, Соь г1ийла ойла яйтира.. Кхин ас 1уьйренаш ларъйийр яц, Хьо варе кхин со хьоьжур яц.. Д1абайна безам лоьхур бац, Сан б1аьрхиш хьуна кхин гур дац.. Вай дахаран сирла некъ, г1ан хилла иза-м д1абели, Вайшим яьхьна мерза хан - чим хилла иза-м д1аели.. Къастаран некъаш т1екхечи, Вайшинна безам хербели.. Кхи безам хьуна карийна Шу ирсе цхьана дехийла..
  • Лааркха сунама, х1ай нена дика к1ант, Хьо волчо ва кхача, хьо вехач х1усаме, Хьа х1усмехь тов юьлуш, к1ай полла ва санна, Со хьизар яр хьуна, йоьхь к1айчу хьо х1иттош. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Лааркха сунама, хьо вина хьа нана, И суна реза юй, со хьоьга йигита, Хьай нена пурбанца со йига хьо ваг1ахь, Ас ч1аг1о йо хьуна хьа нана ирсе йа. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Со йолче хьо вог1е, хин коьрте со кхойкхе, Хазаниг схьахьажа, ахь соьга ва бохуш, Д1ахьажа эхь хеташ, кирар дог ва ловзуш, Вай лаьттин хин коьрте, соьх йиса йоьллу те. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш. Со артист ю бохуш, зуд хир яц соьх бохуш, Хьо дохко ма вийла, ма деха нахе ла, Со 1адда йитина, ахь зуда ва ялохь, Со йог1ар ю хьуна, шу лула ва маре. Хьа лула ва еъна, со яха ва хиъчи, К1ай полла ва санна, со хьийзаш ва ейчи, Хьо дохко вели те, нахе ладег1арна, Са дехар ду хьоьга, сам вала хьажахьа. Цхьа зама хир яр вайшиммо хьун ерг, Цу лаьмни ирзошкахь ахь мангал бетташ, И шьаьлга берам мохь тоьхна сискал, Ц1а вале бохуш ас хьуна йоттуш.
  • Хьо ца вог1уш де д1адели, дели кхи ши де Ас к1оршаме аьлла дериг, массе дели те Хаахьара хьуна везнарг и сан г1алат дуй Хьо везар сох делла дагца, дог ду оьг1азе Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(2) Йитта еза 1овдалалла, ц1ерах амалаш корта къовлуш деза йовлакх , еха кучамаш хьан да-нана сай тардина, оьзда амалаш лоруш хьанна хьоьца яха , деги безам сан. Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(2) Бехке ю со , къера ю со! со хьоьл тоьлур яц Сан качалла , хьан доьналла цхьанна дог1ур дац дохко ели , дог сайн дели хьуна аса д1а хьа толамма ирсе хилла хьа лаам бу со! Леци со безамо, ц1е летта йогу со Къарйала дезарна оьг1азло ю Со кхаьбна ненаха яьккхина йигира Ма ч1ог1а хилла хьо деган безам(4)
  • Дашо т1ам схъалеци ахь. Нохчи сийлахь мяхка къант. Хьа диканаш кхачадалц. Хьо тха (...) меттиг бац беной къант. Беной ламан къант. Дахаряхь хьо тхуна ишта веза ву. Оьшучохь хьо тхуна Дала велла ву. Ху хала ду тхуна ишта хьо волуш. Дъаьаллариг кхочуш хьуллуш хьа хилча. Хе хеее, хеее, хеее... Малх схьакхета лома букъатяхь И чу бузу (...) хаза лепаряхь Ясса я боьду тулгич(...) керчадяш Хьо схьагушяхь дегнаш ловза дюйлу тха. Хе хеее, хеее, хеее... Хьара зама, къонахий, Уггар хала зама ю. Уггар халчу заманчохь, Мяхка сийлахь къонах ву беной къант. Беной ламан къант Бусахь, дийнахь дагца тъем ца лоьху ахь Вижна ягьна хенаш хета эрна ще. Цъа доггахьа семма лела лелачохь Хьоца хьийцаделла дахар нохчийчохь Хе хеее, хеее, хеее... Баркалла ду хьуна мяхка къонаха. Ясса стигал маьрша некъаш шера тха. Маьрша дели хаза дахар хьоци тха. Са нохчичоь даймохк сийлахь бу тахна. Хе хеее, хеее, хеее... Ламан басяш хеда еш. Хаза некъаш дехкина. Вай (...) лар дина. Хаза некъаш шар динарг беной къант. Беной сийлахь къант. Илли ала илли тайна божарий. Йиш дъалакха хаза тайна мехкарий. Эшар лакха эшар дикачу пондарчо. Хьаставе вай силахь мяхка къонаха Хе хеее, хеее, хеее... Массал еза хуьлда мяхка халонаш. Йита еза хаза йоцу ойланаш. Ху хала ду даха вайна доттаг1ий Дено деноца тоьлуш лятта дахар вай. Хе хеее, хеее, хеее... Массал еза хуьлда мяхка халонаш. Йита еза хаза йоцу ойланаш. Ху хала ду даха вайна доттаг1ий Дено деноца тоьлуш лятта дахар вай. Хе хеее, хеее, хеее...