Жим жима хьоьх 1еха луш
Хьан дола йирзира со
Дог къийларх хьо виц ца луш
Са гатт дан юьйлира со
Б1алг1ане х1орд хилла хьоьх
Даг чуьра ца волу хьо
Х1у гаьрз ду ахь тоьхнарг соьх
Чов йоцуш д1а лаьцна со
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Со-м хьоьца къийсалур яц
Безамна д1а лур ас хьо
Кхи хила дарба ма дац
Хьуна бе толур яц со
Велалой хилахьа хьо
Дог хьостуш лар елахь со
Хьо везаш тийсарна го
Сан сий деш т1е эцахь со
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Ас дашочу йозанца
Хьан ц1е дагчу йазйина
Ас амат хьан къайлахьа
Дагахь эсал хьестийна
Мела-мела б1аьрхишца
Хьоьгу хьуна хьийзаш са
Хьоменаг хьо волахьа
Вай безамна орцаха
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо
Са дахар б1аьстена зезаг ду хьо
Са ирса, кхоллама, йоза ду хьо
Со тахна ирсе ю везарна, вовзарна хьо