Вай доьвзиначу суьйран сай хир ву аьлла хийтар,
Со хьуна гонах хьийзар, хьо кхечунга д|а хьийжар,
Са ела къежаш лелар, хьа б|аьргаш чу са хьежар,
Ца хилла иза эрна, ваьккхина ас хьо сайна.
Массо а керла денна хастам бо ас вай Дала,
Ахь соьга еза аьлла, сан тахна самукъ даьлла

Ахь соьга еза аьлла, ас керла илли аьлла.
Вай безамах нах хьоьгу, соьгар хьо ваккха хьоьжу,
Хаийла къарлур йоци, цхьанне ас д|а лур воци,
Вай ца дезаш а хир бу, шайна хала уьш |ийр бу,
Вайш къасто лууш хир бу, амма вайшиъ бертахь хир ду.