Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «хъо ца хилча»
исполнителя Макка Межиева.
Скачать или слушать онлайн

Текст песни:

Со яхара сарахь хит1а
К1орни дацар хит1ахь лятташ
Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь
Ас вуьту хьо нисарошна
Кхана сарахь хьо ца ваг1ахь
Ас вуьту хьо нисарошна

Схьакхита малх схьакхитале
Чу бузу малх чу бузале
Дала к1орни дагар дици
Г1овшех далла доллу вайши
Дала к1орни дагар дици
Г1овшех далла доллу вайши

1уьйре йоцуш йиш яц бохуш
Суьйре йоцуш йиш яц бохуш
Хьо ца хилча йиш яц бохуш
Ас хьо сайна кура вякхи
Хьо ца хилча йиш яц бохуш
Ас хьо сайна кура вякхи

1уьрене да хьо ву меттуш
Суьрене да хьо ву меттуш
Хьай дешан да хьо ву меттуш
Сай леларна дохку йоьлу
Хьай дешан да хьо ву меттуш
Сай леларна дохку йоьлу

Я пошла к роднику вечером -
Любимого не было у родника.
Если и завтра ты не придешь -
Я оставлю тебя подружкам.

Пока еще солнце не взошло,
пока еще солнце не зашло -
Открой мне скорее свое сердце, любимый
Возможно нам грозит расставание...

Говорила, что не могу без утра,
Говорила, что не могу без вечера
Говорила, что не могу без тебя! -
И этим я добилась твоего пренебрежения!

Верила, что ты хозяин утра!
Верила, что ты хозяин вечера!
Верила, что ты хозяин своему слову -
Жалею теперь о том, что верила...

Другие песни исполнителя:

  • соьх ц1е лета генара хьоьх б1аьрг кхетча велалуш хьо мерза сайга схьахьажча.б1аьрги нур са д1аэцна сан дог йисаре лаьцна вай безаман хьозана шен т1ам хецна. хьо цхьаъ ву ас харжина хьо цхьаъ ву ас къатина ойланах са хьарчина са дагах ц1е латина.хьо цхьаъ ву ас харжина хьо цхьаъ ву ас къастина дог а са ахь дашина са дагах ц1е латина... хийла оьг1азлонца ахь соь дош аьлча боцу бехк а буьлуш бехке со йича .хиларх иза ла хала ницкъ бац са хьоь дош ала ху де ас хьомениг кхи а ч1ог1а везча.дериг дуьне хьо ду са м1аьлха нур а бетта са.б1аьргий нур а хьо ду са .ирсе седа хьо бу са. дагахь яц со хьоьх яла хьоьха къастина яха .майра йиш ю са ала хьа ц1арца со еха.ирсе дахар хьоьца го .сан безаман къилба хьо.хьа безамо ирсе йо.суна везчу Далла велла хьо.
  • Ала атта ду и нана, Зуд йолу стаг 1адда вита Ахьа-м елхий со дов дина Берриге сан бехк а бина. Безам бахьнехь эрна дуьйцу Ойла безамо ца хуьйцу Ас х1ун де и везаш хилча И бен х1ума гуш ца хилча Припев: Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли Безам чехош бала хьийги Ахь со эрна елхайора К1анта говза 1ехайора ( 2 раза ) II. Хийла хетарш наха дуьйцу Хийла ца терг цара вуьйцу Шайна луург суна дуьйцу Йиш яц вайшин кхоллам хийца Цуьнан машен йог1уш яйчи Хаза б1аьргаш доьлуш дайча Ахьа-м зуда юьйцу нана Суна-ма сой б1аьрзе хета Припев: Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли Безам чехош бала хьийги Ахь со эрна елхайора К1анта говза 1ехайора ( 2 раза ) III. Безам бахьнехь эрна дуьйцу Ойла безамо ца хуьйцу Ас х1ун де и везаш хилча Сан кийрахь х1ума ца хилча Ойланаш цхьатерра яц, Безамаш цхьатерра бац Орамаш цхьатерра дац Берриге сан бехк ма бац Припев: Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли Безам чехош бала хьийги Ахь со эрна елхайора К1анта говза 1ехайора ( 2 раза ) IV. Сирчу динахь нислой вог1у Дала бохург и ду бохуш Соьх д1акъастахь дуьне доцуш Ас и муха вита веза. Ахь чехаеш со елха йо Цо цхьа говза гехайо Ас х1ун де те йина нана Хьуна цхьа а ма ца го. Припев: Сайн ма хуьллу дуьхьал йийли Безам чехош бала хьийги Ахь со эрна елхайора К1анта говза 1ехайора ( 2 раза )