Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Безаман аз»
исполнителя SALMIRA.
Скачать или слушать онлайн

00:00/00:00

Текст песни:

Ду тахна гIийла байначу безаман аз,
БIаьстенах доккхуш дожий ахь даг тIера заз..
Хьоькхура гIийла гуьйренан шийла и мох,
Везачух яьлла бохуш и хьерчара сох..

Кхин цхьа де, сирла де, чекхдели даьгна,
Сан безам битира ахь хьайха хьаьгна..
ДогIур дац, теша, кхин ирсе де сирла,
Юьсар те шога тIулг дагах а хилла..

Юха а гуьйре йоьссира даг чу шийла,
ДогIанах доьлхуш сан дог хийла дисира..
Безамца даьгна шел дира бIаьргаш ахь сан,
Шовданаш санна легара бIаьрхиш шийла..

Дарба а доцуш, лазамна къурда бина,
Деттало дог сан, доцуш делла йа дийна..
Кхолламан йоза ца хилла дешшал говза,
Карара дели юьтуш со - ирсе хьоза..