1 куплет:
Кху са кийрахь йаьгна яц,
Безаман ц1е хиццалца
Сай ирсе со кхаьчна яц
Карадаллалц б1аьргаш хьа
Хьай даг чура дагчу са
Ахь некъ били безаман
Ас цу новкъа болар до
Сай ойланаьхь латтош хьо
Хьа безаман терго йоцуш
Дуьнен чохь со ма йисийла
Дуур далахь хьоьца йоцуш
Маьлха дуьне соьх ду сийла
Хьоьх ца яла кху дуьнен чохь
Хума ма дац ас ловр доцуш
Сай хьоьга болчу безаман марзо
Еха ю со хьуна луш
Припев:
Дерриг дуьне хьо ду са
Са дахарай ду са къайле
Кху са дег1ах мезра са
Ма къастийла цкъа хьо гале
Дахар цхьаъ бе хуьлуш дац
Безам цкъа бе кхуллуш бац
Хьо воцург бе оьшуш вац
Хьоьца бен са яхар дац
Хийла ас сатийсина
Ас кхолламца къийсина
Даго лехна къонах хьо
Хьайца ирсе йинарг со
Мерза хьоьстуш ойла хьа
Хьуна дуьне къагийна
Ехари со хьа сий деш
Хьо вовзарна хастам беш
Хьа безаман терго йоцуш
Дуьнен чохь со ма йисийла
Дуур далахь хьоьца йоцуш
Маьлха дуьне соьх ду сийла
Хьоьх ца яла кху дуьнен чохь
Хума ма дац ас ловр доцуш
Сай хьоьга болчу безаман марзо
Еха ю со хьуна луш
Припев:
Дерриг дуьне хьо ду са
Са дахарай ду са къайле
Кху са дег1ах мезра са
Ма къастийла цкъа хьо гале
Дахар цхьаъ бе хуьлуш дац
Безам цкъа бе кхуллуш бац
Хьо воцург бе оьшуш вац
Хьоьца бен са яхар дац
Дерриг дуьне хьо ду са
Са дахарай ду са къайле
Кху са дег1ах мезра са
Ма къастийла цкъа хьо гале
Дахар цхьаъ бе хуьлуш дац
Безам цкъа бе кхуллуш бац
Хьо воцург бе оьшуш вац
Хьоьца бен са яхар дац
Дерриг дуьне хьо ду са
Са дахарай ду са къайле
Кху са дег1ах мезра са
Ма къастийла цкъа хьо гале
Дахар цхьаъ бе хуьлуш дац
Безам цкъа бе кхуллуш бац
Хьо воцург бе оьшуш вац
Хьоьца бен са яхар дац