Казахский переводчик Азербайджанские песни Узбекские песни

Песня «Дагна везрнарг»
исполнителя Медни Асхабова.
Скачать или слушать онлайн

00:00/00:00

Текст песни:

I. Ахь еза боху соьга, хьоменаг,
Хьан т1улаган дог со цхьаъ ю дашийнарг.
Деган къайле тешийнарг, аьрха амал эшийнарг,
Безамца хьайн дагчу йижийнарг.
Деган къайле тешийнарг, аьрха амал эшийнарг,
Безамца хьайн дагчу йижийнарг.

Припев :
Ахь йола бохуш, ас йог1у бохуш,
Ахь еза олуш, ас теша олуш,
Шераш дуьйлу безам г1ел ца луш.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Дашо гуьйре вайшинна йоьлу.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Хьега до вай вовшех геналло.

II. Со гича хьайна жимма ойлане
Х1унда волу, ала шеконе
Б1аьргаш дузий г1айг1анах,
Дуьне 1аржлой боданах,
Леха волий доцу бахьанаш.
Б1арзлой х1унда хьоьвза хьо,
Хьоьгахь иза- м товш ца го,
Воха кийча ма хилахьа хьо.
Сан дашо малх, лам бу хьо,
Дато беттан нур ду хьо,
Сан дахаран некъа седа хьо.

Припев :
Ахь йола бохуш, ас йог1у бохуш,
Ахь еза олуш, ас теша олуш,
Шераш дуьйлу безам г1ел ца луш.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Дашо гуьйре вайшинна йоьлу.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Хьега до вай вовшех геналло.

III. Мел хаза хабарш сайга дийцарах,
Когашка сайн дуьне дилларах,
Аса-м хуьйцар вацар хьо,
Хьоьца нисван к1ант ца го,
Амма веза баха ца тарло.
Дагна уллехь кхобу хьо,
Ма хьоме ву суна хьо,
Хьоьца бен суна сайн ирс ца го.
Дешех 1ена гуьйрено,
Дегнех хьерча алуно,
Шовда санна ц1енчу безамо.
Шерашкахь сатийсаро,
Вовшех довла кхераро,
Т1ех дезаро вай экаме до.

Припев :
Ахь йола бохуш, ас йог1у бохуш,
Ахь еза олуш, ас теша олуш,
Шераш дуьйлу безам г1ел ца луш.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Дашо гуьйре вайшинна йоьлу.
Ахь еза, йола бохуш,
Сан дала жоп доцуш,
Хьега до вай вовшех геналло.

Сан серлони къилба хьо,
Сан синан сан 1илма хьо,
Дагна везнарг, са дуьне ду хьо,
Дагна везнарг, са дуьне ду хьо,
Дагна везнарг, са дуьне ду хьо.